Header1 1



Къоначу лингвистийн Ӏилманан юкъаралла

haam-mНохчийн мотт а, истори а кхиоран институтехь болх бан дӀайолалуш ю Къоначу лингвистийн Ӏилманан юкъаралла. Цхьаьнакхетаршкахь кегийрхошца йийцаре йийр ю нохчийн меттан а, меттаӀилманан а проблемаш, карарчу хенахь нохчийн меттаӀилманехь талла деза хаттарш.

Иштта, кегийрхойн Ӏилман-талламан балхах хаарш совдохуш болу болх а дӀахьур бу.

Ӏилманан юкъараллин хьалхара цхьаьнакхетар Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтехь ноябрь беттан 1 дийнахь 15:00 даьлча дӀахьур ду. Цхьаьнакхетарехь дакъалаца кхойкху филологин, лингвистикин декъан студенташ, магистранташ, аспиранташ, къона Ӏилманчаш, нохчийн маттаца гергарло долу кхин кегийрхой а.