Header1 1



КЪОНАЧУ ЛИНГВИСТИЙН ӀИЛМАНАН ЮКЪАРАЛЛИН ЦХЬАЬНАКХЕТАР

ling-mНохчийн мотт а, истори а кхиоран институтехь дӀадаьхира Къоначу лингвистийн Ӏилманан юкъараллин хьокъехь дуьххьарлера цхьаьнакхетар.

Оцу гуламе баьхкинера меттаӀилманан декъехь доьшуш болу аспиранташ, магистранташ, Ӏилманца гергало долу студенташ а.

Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Институтан директоро Умхаев Хьамзата, белхахоша Абдулкадыров Адама, Бадаева Ӏайшата, иштта НПУ нохчийн меттан кафедрин куьйгалхо волу Ирезиев Сайд-Хьамзата, НР Ӏилманийн академин белхахочо Булатбиев Идриса.

Ӏилманчаша кегийрхошка дийцира Ӏилманан декъехь бечу белхийн башхаллех, таханлерачу дийнахь нохчийн мотт а, меттаӀилма а муьлхачу хьолехь ду, иштта йийцаре йира юкъаралла вовшахтохаран коьрта Ӏалашонаш, цигахь бан леринчу белхан хила тарлун кепаш. Кегийрхойн бистхиларехь а хаалуш дара нохчийн меттан лазамаш царна бевзаш хилар, цу декъехь къахьега лаам болуш уьш хилар а.

Юкъаралин декъашхойн бартхилира шина кӀирнах цкъа Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтехь пӀераскан дийнахь я шотдийнахь цхьаьна а детталуш, меттаӀилманан декъехь болх дӀабахьа.