Header1 1



Ас дIалур ю пачхьалкхан коьрта экзамен

IMG-20191125-WA0001-mНохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан Iилманан белхахойн тобано дIахьочу белхан Iалашо ю вайн республикин школашкахь нохчийн мотт а, литература а Iаморехь оьшуш долу гIо-накъосталла дар.

Институтехь болх беш Iилманан-талламан масех лаборатори ю. Замано схьагойтуш ма-хиллара, тахана школин предметаш Iаморехь оьшуш ду методикин гIирсаш, (пособеш, Iаматаш, белхан тептарш) шо-шаре карлабохуш хилар.

Вайн республикин Дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал нохчийн меттан кханенах дог лозуш а, нохчийн мотт хууш а, безаш а, нохчийн меттан хьехархой, говзанчаш лоруш министр хилар цо кхочушдечу гIуллакхашца билгалдаьлла дукха хан ю.

Цундела а, Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан куьйгаллина цо тIедехкинчу коьртачу декхарех цхьаъ ду вайн республикин школашкахь нохчийн мотт Iаморехь оьшуш болу гIирсаш, заманан лехамашка хьаьжжина, вовшахтохар, юхакарлабахар, цхьана дашца аьлча, Iилманан-талламаш беш хьехархойн балхана а, берийн дешарна а тIехь гIо-аьтто хуьлуш дерг дерриге а дар.

Иштта, эсаран (октябрь) беттан 8-чу дийнахь Байханов ИсмаьIал цхьаьнакхийтира Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан Филологин а, дешаран а лабораторин 9-чу классийн дешархоша дIалучу экзаменна кечамбарехь оьшуш йолу «Ас дIалур ю пачхьалкхан коьрта экзамен» пособина тIехь къахьоьгучу говзанчийн тобанца.

Оцу тобанна юкъахь вайн республикин Халкъан хьехархой Дудаев Султан а, Абдуразаков Шертбек а, Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIой-Чуьрчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Тутаева Сацита а, Соьлжа-ГIалин №4 йолчу гиманазин школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Хунарикова ПетIамат а, Дешаран белхахойн говзалла лаккхаяккхаран Нохчийн институтан нохчийн меттан а, литературин а кафедрин куьйгалхо Дашаева Лайлаъ а ю. (Ала дашна, и берриге лаборанташ-талламхой Россин Федерацин юкъарчу дешаран Сийлахь белхахой хилар а).

Цхьаьнакхетарехь хилла коьрта къамел а дара карарчу дешаран шарахь «Ас дIалур ю пачхьалкхан коьрта экзамен» пособи карлаяккхарехь дан деза гIуллакхаш билгалдахар.

Тхан аьтто хилира оцу тобанан декъахошца цхьаьнакхетта а, цара бинчу балхах лаьцна дерг довза а.

IMG-20191125-WA00012-x

Хунарикова ПетIамата дийцира: «Хьалха хууш ма-хиллара I5 тIедиллар дара 9-чу классехь дIалучу нохчийн меттан экзаменан. ХIинца 9 тIедиллар бен хир дац. Талламан-лараран коьчаллаш (КИМ-аш) хIинцалерчу федеральни стандарташца нисъеш ю. ХIун хийцам бу аьлча, хьалхарий, кхозлагIий дакъош хийцалур дац. ШолгIачу декъера I3 тIедиллар дацдина, уьш хIинца 7 тIедиллар бен хир доцуш. Дешархоша йоьшучу текстан бух тIехь 3 тIедиллар ду кхочушдан дезаш, 4 тIедиллар керла юкъадалийна ду, амма царах 3 тIедиллар бакъенаш синтаксис а, пунктацин а дакъойх ларалуш хир ду, ткъа I тIедиллар нийсаяздаран бакъенаш йовза езаш (орфографин анализ яр олуш тIедиллар ду иза). Кхин дIогара баккхий хийцамаш хир бац. Тедахкаршца цхьаьна догIуш кодификатор тIехь а хир бу хийцамаш. Тхаьш бина болх хIара, лахьанан (ноябрь) бутт чекхболуш министерствон кхиэле лур бу. Цкъа хьалха хьехархошка демоверсеш дIакхачайо оха, цаьрга дешархошца пособица болх байта сихо яйтархьама. Мехала хир ду дешархоша кхоалгIа тIедиллар кхочушдар. Цуьнан лехамехь ду сочинени язъяр. Хьалха шолгIа дакъа кхочушдаро таро лора экзамен дIаяларан барам кхочушбан. ХIинцалерчу шолгIачу декъехь 7 тIедиллар бен ца хилча, мехала хир дара вайн дешархоша сочинени язъярна тIе тидам бахийтича».

Билгалдаккха деза, 9-чу классехь нохчийн маттехула дIалуш йолчу пачхьалкхан коьртачу экзаменан чекхвала оьшуш ерг лаххара а 15 балл хила езаш хилар.

 

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА