Header1 1



Хьехархойн белхан эвсаралла лакхаяккхар семинар-практикум

20200204 110445-m2020-чу шеран 4-чу февралехь Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтехь дӀаяьхьира республикерчу нохчийн меттан хьехархошна методически гӀо-накъосталла дан лерина «Нохчийн меттан пачхьалкхан жамӀдаран аттестацина кечамбаран эвсаралла лакхаяккхар» цӀе йолу семинар-практикум.

Семинаре кхайкхина бара республикерчу ишколашкахь 9-чу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш болу хьехархой а, хӀора кӀоштан методически цхьаьнакхетараллин куьйгалхой а.

Семинар дӀаяьхьира институтан белхалоша, «Ас дӀалур ю ПКЭ!» методически гӀо-Ӏаматан авторша: Ш. Абдуразаковс, С. Дудаевс, С. Тутаевас, П. Хунариковас.

IMG-20200204-WA0002-x

Семинаран Ӏалашо а, белхан чулацам а бовзуьйтуш, бланкаш кхочушъярехь, талламан-лараран коьчалан шолгӀачу декъехь хиллачу хийцамех а, ткъа иштта дешархойн экзаменационни белхаш толлуш зеделлачух а лаьцна дуьйцуш, семинаран болх дӀаболийра Ш. Абдуразаковс.

20200204 1014580 x

ТЛК-н хьалхарчу декъан чулацам а, цуьнан мах хадоран критереш а йовзийтина, хаттаршна жоьпаш яздаран болх хьехархошца кхочушбира С. Дудаевс. Болх кхочушбинчул тӀаьхьа, хьехархоша шаьш шайн белхан мах хадийра, презентацех пайда а оьцуш.

20200204 104428-x

ШолгӀачу декъан тӀедахкаршца догӀуш тайп-тайпана белхаш интерактивни уьн тӀехь а, бланкаш тӀехь а кхочушдойтуш, церан жоьпаш хьехархошца дийцаре деш, эвсараллица болх дӀабаьхьира С. Тутаевас.

20200204 113142-x

КхоалгӀачу декъан кхаа тӀедилларх, церан дӀахӀоттамах лаьцна дийцира П. Хунариковас. Цо семинаран декъашхошца дийцаре дира муьлхачу произведенех пайдаэца аьтто бу арахецархойн 9.3 сочиненехь дахарера масал далош. Слайдашца презентаци а еш, П. Хунариковас гайтира 9.1, 9.2, 9.3 сочиненеш язъяран методически некъаш. И болх мехала хилар билгалделира хьехархоша лучу хаттаршца а, царна кхачамболлуш лучу жоьпашца а.

Семинарехь бен болх берзош, цуьнан декъашхоша деллачу хаттаршна жоьпаш а луш, царна баркалла а олуш, дерзоран къамел дира Ш. Абдуразаковс.