Header1 1



Мехала семинар хилира

IMG 1667-m2020-чу шеран бекарг (март) беттан 17-чу дийнахь нохчийн мотт а, истори а кхиоран Институтехь дIаяьхьира республикерчу нохчийн меттан хьехархошна методически гIо-накъосталла дан лерина «Нохчийн меттан пачхьалкхан жамIдаран аттестацина кечамбаран эвсаралла лакхаяккхар» цIе йолу рогIера семинар-практикум. Семинаре кхайкхина бара республикерчу хIора а кIоштан ишколашкахь 9-чу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш болу хьехархой.

Семинар дIайолош, цуьнан декъашхошка вистхилира нохчийн мотт а, истори а кхиоран Институтан директор Умхаев Хьамзат. Цо шен къамелехь бовзийтира республикерчу нохчийн меттан, литературин хьехархошца цхьаьна институто дIабахьа лерина болх.

IMG 1697-x

Семинар дIаяьхьира «Ас дIалур ю ПКЭ!» методически гIо-Iаматан авторша: Ш.Абдуразаковс, С.Дудаевс, С.Тутаевас, П.Хунариковас.

IMG 1685-x

Семинаран Iалашо а, белхан чулацам а бовзийтина, дешархойн экзаменационни белхаш толлуш зеделлачух лаьцна дийцира Абдуразаков Шертбека.

ТЛК-н хьалхарчу декъан чулацам а, цуьнан мах хадоран критереш а йийцаре а йина, хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх хьехархошца дIабаьхьира цо. Болх кхочушбинчул тIаьхьа хьехархоша шаьш шайн белхан мах хадийра, презентацех пайда а оьцуш.

IMG 1693-x

Талламан-лараран коьчалан шолгIачу декъехь хиллачу хийцамех лаьцна дийцира гIо-Iаматан автора Тутаева Сацитас. Цул тIаьхьа тIедахкаршца догIуш тайп-тайпана белхаш кхочушбира семинаран декъашхоша. Иштта, церан жоьпаш дийцаре а деш, интерактивни уьн тIехь презентаци а еш, эвсараллица болх дIабаьхьира С. Тутаевас.

IMG 1701-x

КхоалгIачу декъан тIедиллар а, цуьнан дIахIоттам а хьехархошца бийцаре бира гIо-Iаматан авторийн декъашхочо Хунарикова ПетIамата. Слайдашца цо гайтира 9.1, 9.2, 9.3 сочиненеш язъяран методически некъаш. 9.3 сочиненина дахарера масал далош, арахецархойн муьлхачу произведенех пайдаэца аьтто бу дийцаре а дира Хунариковас семинаран декъашхошца.

Республикерчу ишколашкара нохчийн меттан хьехархошца дIабаьхьначу белхан фразеологизмашца рефлекси а йина, семинаран декъашхоша деллачу хаттаршна жоьпаш а делла, цхьаьнакхетар дерзийра Ш.Абдуразаковс.