Header1 1



Конкурсах лаьцна къамел

1024347-mТахана, июнь беттан 9-чу дийнахь, нохчийн меттан а, историн а кхиоран Институтан директоран Умхаев Хьамзатан цхьаьнакхетар хилира вайн махкахь дика евзаш йолчу нохчийн йаздархочуьнца а, гочдархочуьнца а, цхьана дашца аьлча – нохчийн меттан говзанчица – Петирова ПетӀаматца.

Дешархошна нохчийн меттан а, литературин а Ӏаматаш йазйаран хьокъехь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствос дӀакхайкхинчу Конкурсах лаьцна къамел дара хилларг.

Ала дашна, ПетӀамат юьхьанцарчу классийн дешархошна лерина нохчийн литературин Ӏаматаш кечйаран хьокъехь вовшахтоьхначу цхьаьна тобанан куьйгалхо йу.

Цу йуккъе, иза ша йоцург, Ӏилман белхало а, методист а, хьехархо-практик а, суртдиллархо а вогӀу. Шеко йац керла Ӏаматаш вайн заманца йогӀуш а, берашна кхетан а, Ӏамон а атта хирг хилар.