Header1 1



Конкурсах лаьцна рогӀера цхьаьнакхетар

IMG 1728-mНохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствоно дешархошна лерина керла Ӏаматаш йазйаран хьокъехь дӀакхайкхина Конкурс кхочушйарехь болхбеш Нохчийн меттан а, историн а кхиоран институтехь рогӀера цхьаьнакхетар дӀадаьхьира.

Институтан директор волчохь хьошалгӀахь йара юьхьанцарчу классийн нохчийн меттан Ӏаматаш йазйан лерина йолчу хьехархойн-практикийн а, методистийн а тоба:

 

 

IMG 1725-x

Соьлжа-ГӀалин мэрин дешаран департаментан Ӏилман-методикин центран нохчийн меттан методист Чемирзаева Яха а, Соьлжа-ГӀалин №47 йолчу юккъерачу ишколан а, ткъа иштта «Лингвистийн ишколан» а нохчийн меттан хьехархой Бектамирова Асет а, Ахматова Зулихан а.

IMG 1729-x

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Конкурсах шех лаьцна а, цу юккъехь дакъалацан леринчу Ӏаматийн авторшна Институтера хилан тарлучу гӀо-накъосталлех а долу хаттарш.