Header1 1



Цхьаьнакхетар хилира Iалхан-Юьртан вахархочуьнца Хатуев Мусан Мохьмадца.

73420445-mТахана, июлан беттан 6-чу дийнахь, сан цхьаьнакхетар хилира Iалхан-Юьртан вахархочуьнца Хатуев Мусан Мохьмадца.

Дийцаре динарг юьхьанцарчу классашкахь ненан маттахь хьехарах долу хаттар дара.

Хатуев Мохьмада ша нохчийн маттахь хьоьхуш долахь йолу берийн беш схьайелларх лаьцна дийцира.

Цигара девллачу берашна шайн дешар кхин а дIадахьан, ненан маттахь хьоьхуш йолу юьхьанцара ишкол оьшуш хилар хаийтира цуо.

Пачхьалкхан цу тайпана ишколаш цкъачунна ца хилар а, ненан маттахь хьоьхуш йолу долахь ишкол схьаеллан оьшуш долчух а кхачам боллуш кхетам белира Хатуев Мохьмадна Институтехь.