Header1 1



Институтан директора Умхаев Хьамзатан цхьаьнакхетар хилира нохчийн меттан а, литературин а Ассоциацин куьйгалхочуьнца Бергоева Азица

10335-mТахана, июль беттан 7-чу дийнахь, Институтан директора Умхаев Хьамзатан белхан цхьаьнакхетар хилира нохчийн меттан а, литературин а Ассоциацин куьйгалхочуьнца Бергоева Азица.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира зиеделларг долчу хьехархоша-методисташа нохчийн меттан керла 1аматаш йазйеш дакъалацарх а, «Урок95» интернет-порталехь 7-гIий, 8-гIий классашкарчу дешархошна нохчийн меттан и литературин а видеоурокаш дIайазйарх а доьзна долу хаттарш.