Header1 1



Тахана сан цхьаьнакхетар хилира Конкурсехь дакъалоцуш йолчу рогIерачу авторийн тобанан декъашхошца

10660-mТахана сан цхьаьнакхетар хилира юьхьанцарчу классашна нохчийн меттан керла Iаматаш йазйаран Iалашонца республикехь дIакхайкхинчу Конкурсехь дакъалоцуш йолчу рогIерачу авторийн тобанан декъашхошца - А.Н.Бектамироваца а, А.А. Абулхановаца а, З.А.Ахматоваца а.

Дийцаре дина хаттар 1аматаш йазйан лерина болчарна Институтера хилан тарлуш долчу гIо-накъосталлех хьакхалуш дара.

Массо а кепара, Iилманан а, методикин а агор, Институт Iаматаш йазйечарна гIодан кийча хилар дIахаийтира ас авторшка.

 

10691-x

Цул сов, и мехала болх беш пайдаэцийта, цаьрга цхьамогIа Россин кхечу республикашкахь а, регионашкахь йазйина ненан меттан Iаматаш а йелира вай.