Header1 1



«ИНСТИТУТАН ЛАККХАРА IИЛМАНАН БЕЛХАХОЙ»

108139-mАбдулкадырова Раиса йина Алма-Атински областан Иссык станцехь 1950-чу шеран 28-чу июнехь. 1957-чу шарахь цигахь дуьххьара школе яхана иза. 1967 шо кхаччалца Грозненски кIоштан Iалхан-ГIалара юккъерачу школехь дешна цуо.

1970-чу шарахь Грозненски хьехархойн училище а, 1980-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филилогин факультет а чекхйаьккхина Раисас.

1970-чу шарахь Аргун-гIалара №1 йолчу юккъерачу школе хьехархочун балха хIоьттина иза.

Оцу школехь цуо болх бина нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш.

1984-чу шарахь Раиса болх бан йолаелла Хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтехь нохчийн меттан кабинетан куьйгалхочун даржехь.

Цул тIаьхьа 2000 - 2012-чу шерашкахь Соьлжа-ГIалин Мехкдаьттан институтехь нохчийн а, оьрсийн а меттан хьехархочун болх бина цуо.

2002-чу шарахь дуьйна Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтехь лакхара Iилманан белхахочун болх беш ю иза.

Раиса вайн махкахь дика евзаш похIма а, зеделларг а долу хьехархо а, тоьлла нохчийн меттан Iилманча а ю.

Цуо язбина цхьамогIа мехала белхаш бу дешархошна а, студенташна а лерина: «Мехкдаьттера Институтан студенташна лерина методически куьйгалла»; Пареулидзе Ростомца цхьаьна йазйина «Нохчийн, гуьржийн, оьрсийн «КъамелIаморг»»; Овхадов Мусаца цхьаьна язйина 5-11 классашна лерина нохчийн меттан Iаматаш; нохчийн, оьрсийн, ингалсан маттахь берийн бошмашкара а, юьхьанцарчу классашкара а берашна лерина Сартийн дошам; «5-6-гIий классашна лерина диктантийна гуларш».