Header1 1



Цхьаьнакхетар хилира

11004078-mТахна сан цхьаьнакхетар хилира вевзаш волчу нохчийн меттан говзанчин – Магомадов Мовладин (Дала декъала войла иза!) - кIантаца Мохьмадца.

«Даймохк» газетан коьрта редактора Шамсудинов Бувайсар хьажийна веъна вара Мохьмад вай долчу Институте, шен дас йазйина 10-11 классашна лерина «Нохчийн этикин методически пособи» а йахьаш.

Пособих шех дерг аьлча, иза вуно дика кечйиначу 68 уроках лаьтташ йу (34 урок – 10 классехь а, оццул – 11 классехь а).

ХIора урокана лерина ша-ша тема йу.

1103032-x

Масала: «Нохчийн доьзал», «Доьзалан ден декхар», «Нохчийн хIусамехь ден а, доьзалан а йукъаметтиг», «Нана – доьзалан йуьхь а, сий а», «Хьаша ларар а, тIеэцар а», «Нохчийн къоман духар», «Нохчийн къоман даар», «Нохчийн ловзар», Нохчийн белхий, синкъерам», «Нохчийн кхетамехь эххьий, бехкий», «Къонахалла», «ДоттагIалла» ишта дIа кхин а.

Шеко йац и мехала Iамат зорбане йаьккхича кегийчарна хилла ца Iаш, баккхийчарна а пайде хирг хиларх.