Header1 1



Тахана сан цхьаьнакхетар хилира вевзаш волчу хьехархочуьнца Динаев Ӏалиханца.

11643-mТахана сан цхьаьнакхетар хилира вевзаш волчу хьехархочуьнца Динаев Ӏалиханца. Динаев Ӏалихан Республикехь а, цул арахь а дика вевзаш ву лаккхарчу тӀегӀан тӀехь шен корматалла карайерзийна волу говзанча санна, иштта Йерригроссин тоьллачу хьехархойн «Шеран хьехархо» конкурсан толамхо санна а.

Йукъаралла йовзаран хьехархо волу Ӏалихан бераш кхетош-кхиоран хьокъехь массо а агӀор бала кхочуш хиларан билгало йу цуо Институте мах хадабайта беана болх – школазхошна лерина йина нохчийн маттахь лексика шорйен пособи.

Цу тӀехь автора эзар гергга дош далийна, цаьрца цхьаьна берашна дешан маьӀна кхетор долуш суьрташ а даладеш.

109842-x

Тахана тӀекхуьуш долчу чкъурана нохчийн мотт хааран тӀегӀане диллича, цуо бинарг чӀогӀа мехала болх бу.

Дала аьтто бойла цуьнан кхидӀа а оцу новкъахь.