Header1 1



"Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш" цӀе йолу Гулар

umhiyai 12013-mКху деношкахь «Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институто» зорбане йаьккхина Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу нохчийн мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а Экспертийн кхеташоно хӀоттийна а, Кадыров Рамзана шен Указа чӀагlйина а "Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш" цӀе йолу Гулар.

ХӀара бутт чекхболуш и гуларш дӀасалур йу нохчийн маттахь болх беш мел йолчу Ӏедалан урхалашка: ишколашка, хаамийн гӀирсашка, культурин хьукматашка иштта дӀа кхин а.

Кестта и Гулар вайн республикин бахархошна йовзуьйтуш презентаци хир йу Айдамиров Абузаран цӀарахчу Кьоман библиотекехь.

Цига кхайкха лерина бу вайн республикин куьйгалхой а; Ӏилманан а, культурин а белхахой а; яздархой а, юкъараллин декъашхой а, ткъа иштта тоьлла болу нохчийн меттан хьехархой а.