Header1 1



Бинчу балхах а, дан леринчух а дийцира

IMG 2401-mНохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата рогӀера кхеташо дӀаяьхьира институтан Ӏилманан белхахошца. Кхеташо дӀайолош Хьамзата кхаъ баьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Нохчийн мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а Экспертийн кхеташонан белхан тобано хӀоттийна а, Кадыров Рамзана шен Указаца къобалйина а йолу «Нохчийн меттан нийсаяздаран коьрта бакъонаш» гулар ара яьллахилар хоуьйтуш.

Цул тӀаьхьа дийцира Ӏилманан белхахоша тӀаьхьарчу беттанашкахь бинчу балхах а, карарчу хенахь, институтан Ӏилманан-талламан белхан лабораторешкахь дӀахьочу балхах а лаьцна. Хууш ма-хиллара, дерриг дуьненахь а санна, вайн республикехь а короновирусан ун даржар бахьанехь, Нохчийн меттан денна лерина кхочушдеш хилла долу цхьадолу гӀуллакхаш чекхдахаза дисира, болх-некъ онлайнан роже берзийна хилла хиларна а, адамийн кхерамазаллин бехкамаш ларбархьама цхьаьнаметта адам дукха гулдан йиш йоцуш хиларна а. Масала, хьехархошна а, школашна а юкъахь дӀаяьхьна хиллачу республикин «Нохчийн меттан тоьлла кабинет» а, «Нохчийн меттан тоьлла сочинени» а конкурсаш жамӀаш дан дезаш ю. Коьртаниг – республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна юкъахь шен низамехь дӀаяьхьна хӀорашеран ламасталлин конкурсаш.

IMG 2405-x

Институтан Ӏилманан-талламан а, дешаран-методикин а лабораторешкахь къахьоьгуш бу нохчийн меттан говзанчаш. Институтан белхан планаца нийса а догӀуш, белхахоша йоцца докладаш йира шаьш бинчу балхах лаьцна. Шеран а, эхашеран а белхан план кхочушъярца ларош ю институтан коллектив. Иза тӀечӀагӀдо говзанчаша шайн балхах лаьцна биначу хаамаша.

Институтан Ӏилманан белхахочо Яндарбиев Хьамзата зорбане кечбина Ӏилманан-талламан «Туристашна лерина литературин некъгойтург» аьлла болх вайн республикин бахархошна а, хьешашна а мехала, оьшуш бу. Хьамзатан книга араяьлча, цунах пайдаэца кийча ю нохчийн Республикин туризмехула йолу министерство.

Иштта, республикин школашна лерина нохчийн меттан а, литературин а Ӏаматаш карлайохуш (ширъелларш, кхузаманан лехамашца  ца йогӀурш дӀа а йохуш), кхоллараллин белхаш беш ю институтан говзанчийн  масех тоба. Церан белхаш  классашка бекъна бу (лахарчу а, юккъерчу а, лакхарчу а классашка).

Цхьайолу тобанаш Ӏаматашна тӀехь къахьоьгуш ю, вуьш Ӏилманан-талламан белхаш беш ю. Масала, Ахмадов Мусас а, Алиева Заринас а республикин колледжашна лерина нохчийн литературехула йолу дешаран хрестомати хӀоттош ю. Ткъа профессорш Овхадов Муса а, Халидов Муса а оццу колледжийн нохчийн меттан Ӏамат кечъярехь къахьоьгуш ву. Колледжийн дешархой 9 класс чекхйоккхий богӀу деша, цундела чӀогӀа оьшуш ду царна лерина Ӏаматаш, кхачам боллуш, дика хилийтар.

IMG 2408-x

Айдамирова Машара билгалбаьккхина болх «Нохчийн халкъан историн некъ исбаьхьаллин литературехь гайтар. Культурин тӀаьхьалонаш таллар» аьлла методикин Ӏамат вовшахтохарна лерина бу. Шен проектан-талламан болх А.Айдамировн цӀарахчу литературин-хӀолламан музейхь беш бу цо.

Пачхьалкхан коьртачу экзаменна а, Пачхьалкхан жамӀийн аттестацина а оьшуш йолу дешаран-методикин Ӏаматаш кечъярехь къахьоьгуш ю Эдилов Салавдис куьйгалла ден лаборатори. Петирова ПетӀамата куьйгалла деш, юьхьанцарчу классашна (1–4 классашна) лерина керла Ӏаматаш вовшахтухуш къахьоьгуш тоба а ю. ХӀокху шеран гӀуран (декабрь) бутт чекхбалале кийча хила езаш ю керла Ӏаматаш а, Абат а. Кегийчу дешархошна кхета атта хир долуш, чулацам пайдехь болуш, берашна дукхаезалур йолчу агӀор, къегинчу суьрташца, хаза кечйина хилийтар тӀедиллина оцу тобанна.

Талламан болх дӀабахьарца дика ларош бу институтан историн, географин, топонимин, аномастикин, мохкталларан, музейн гӀуллакхан лабораторин говзанчаш а: А.Устаев, Хь.Яндарбиев, А.Джунаидов,М.Джунаидов, Р.Бурчаев, М.Айдамирова. Курчалойн а, Веданан а, Нажи-Юьртан а кӀоштийн ярташкахь, топонимин декъехула талламаш беш, материал вовшахтухуш ву Джунаидов Аюб а, Бурчаев Руслан а. Ткъа Джунаидов Мохьмад аномастикин декъехь къахьоьгуш ву. Нохчийн ширъелла цӀераш гулъеш, цунна хӀинцале а карийна нохчийн   боьршачу стагана туьллуш хиллачарах 4 эзар а, зударийн 2 эзар а цӀе. Иштта, нохчийн меттан хьехархошца цхьаьна видеодарсаш кечдеш а, кхийолчу пайдехьчу рубрикашца болх беш а ю Магамшерипова Фатимас куьйгалла до Дешаран хаамийн-технологин туш. Церан болх «UROK-95» сайта тӀехь зорбане боккхуш а, хьехархоша шайн балха тӀехь а, нохчийн мотт Ӏамо луучара шайн дешарехь а пайдаоьцуш бу.

IMG 2407-x

Дагдаийта лаьа, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран Байсултанов Идрисан тӀедилларца Нохчийн мотт а, истори а кхиоран ннститутан куьйгалло дӀакхайкхийна конкурс а ю юьхьанцарчу классашна лерина тоьлла Ӏаматаш вовшахтохарехь.

Кхеташо ерзош, Хь.Умхаевс билгалдаьккхира пандемин хьал чолхе даьлла дешар онлайнан роже дерзор нислахь а Нохчийн электронни школа болх бан кийча хирг хилар.

Иштта, институто зорбанера яккха кечъеш ю архаизмийн а, неологизмийн а дошам а. Карарчу хенахь нохчийн мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а Экспертийн белхан тоба, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тӀедилларца, нохчийн меттан Орфографин йоккха дошам вовшахтохарна тӀехь болх беш ю.

 

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА