Header1 1



Хаза кхаъ

IMG 20201008 094740-mНохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан шен х1усам хир ю.

Нохчийн меттан кханенах дог лозучу нахана доккха хазахетар хилира стохка 2019-чу шеран асаран (июнь) беттан 19-чу дийнахь Нохчийн Республикин Правительствон №180 йолчу сацамца Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствон Дешар кхиоран институтах Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт йина аьлла хаам хиларх.

Нохчийн халкъан кхолламехь а оцу маь1нечу хиламехь доккха дакъа лаьцна вайн республикин Дешаран а, 1илманан а министра Байсултанов Идриса.

Институт, цкъачунна аьлла, Соьлжа-Г1алин мэрин Дешаран департаментан г1ишлонна чохь д1атаръелла яра. Цунна шен долахь х1усам хилийтарехь а доккха накъосталла дина министра.

Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан шена къастийна йоккха г1ишло елла.

IMG 20201008-x

(Хьалха заманахь №6 йолчу училище хилларг) Карарчу хенахь цигахь д1ахьош ремонтан белхаш бу.

Институтан инстаграмерчу аг1онехь Умхаев Хьамзата билгалдоккху: «Дала мукъ лахь, х1ара шо чекхадалале кху г1ишлонна чохь д1аболийна ремонтан белхаш д1абоьрзур бу. И г1уллакх Байсултанов Идрисан лерринчу тергонехь лаьтташ ду».

Ала долийначуьра билгалдаккха лаьа, Байсултанов Идриса Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтана компьютерш а, цуьнца техникин цхьаболу г1ирсаш а хилитийна хилар.

Институтан долахь тоьлла йолу г1ишло а хилча, техникица кхачо йина а хилча, дуьсуш дерг – даггара къахьегар ду.

IMG 20201008 095516-x

Нохчийн маттаца шайн дахар, кхоллам боьзна бехаш болчу 1илманчашна, яздархошна, хьехархошна, журналисташна, Даймохк а, цуьнан хиндерг дагах кхетачу х1ора а нохчийчун хаза кхаъ бу Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт хилар а, кхулла т1аьхьа дуьйна цуьнан шен кхерч хилар а.

Дела реза хуьлда и б1аьрла хийцамаш барехь къа мел хьегначарна! Ткъа шайна т1едехкинчу декхаршца дика ларош а, ларор болуш а бу институтан 1илманан белхахой.



З.ЭЛЬДЕРХАНОВА