Header1 1



Тахана, эсаран (октябрь) беттан 13-чу дийнахь Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтехь рог1ера кхеташо хилира.

13102020-mТахана, эсаран (октябрь) беттан 13-чу дийнахь Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтехь рог1ера кхеташо хилира. Иза д1аяьхьира институтан директора Умхаев Хьамзата.

Кхеташонехь дийцаре динчу коьртачу г1уллакхех дара Дешар кхиоран институтах Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт йинчул т1аьхьа цуьнан т1аьххьара хилла д1ах1оттам (структура) кьастор.

Институтехь 1илманан - талламан 5 лаборатори а, 2 центр а ю. Билгалбевлла лабораторийн а, центрийн а куьйгалхой а, говзанчаш а.

Цуьнга хьаьжна доцуш институтан 1илманан белхахой шайна т1едехкина декхарш кхочушдеш, нохчийн маттехула хьалха хилла 1аматаш а, г1о-1аматаш а карлайохуш а, юха керланаш язъеш а къахьоьгуш бу.

Хууш ма-хиллара вайн республикехь к1езиг бу нохчийн меттан 1илманчаш. Царна юкъахь бу Овхадов Муса, Вагапов 1арби, Джамбеков Ша1рани, Эдилов Салавди, Солтаханов Ибрах1им.

131020203-x

Делахь а, Делан къинхетамца, къона говзанчаш бу институте схьаэцна. Царах кханенна йоккха дегайовхо а ю. Кхеташонехь институтан белхахошна д1асаелира хьастаг1а, цкъачунна "совг1атан" экземпляр аьлла зорбане яьлла "Нохчийн меттан нийсаяздаран бакъонийн" гуларш.

Иза йовзийтар эсаран (октябрь) бутт бовш д1адахьа лерина.

131020202-x

Кхулла хьалха хиллачу хаамашкахь аьлла дара Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министран Байсултанов Идрисан г1оьнца институтана шен г1ишло елла хилар а, оцу чохь карарчу хенахь ремонтни белхаш д1аболийна хиларх дерг а.


З. Эльдерханова