Header1 1



Нохчийн меттан хьехархойн говзалла лакхайаккхаран курсаш

IMG 2732-mТахана, нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтехь дӀайолийра нохчийн меттан хьехархойн говзалла лакхайаккхаран курсаш.

Институтан коьртехь волчу Умхаев Хьамзатан вистхиларца дӀаболийра и беркате болх.

Нохчийн мотт йукъарчу школашкахь хьехар Ӏаламат мехала хӀума хилар билгалдаьккхира Хьамзата.

«Ткъа къаьсттина мехала дерг нохчийн меттан хьехархойн говзалла лакхаяккхаран курсаш нохчийн мотт кхиоран институтехь дӀахьош хилар ду», – аьлла, тӀечӀагӀдира цо.

 

IMG 273422-x

 Эсаран беттан 29 де тӀекхаччалц дӀахьур болуш бу хьехархошца беш болу болх.