Header1 1



Хьехархошна лерина корматаллин говзалла лакхаяккхаран курсаш д1айирзира

1231607-mТахана эсаран беттан 29-чохь Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина корматаллин говзалла лакхаяккхаран курсаш д1айирзира.

Кхузаманан урок вовшахтохарехь, хьехархочун а, дешархочун а 1алашанош нийса билгалйохуш, дешархойн кхиаран кепехь кхуллу хьелаш, жигара 1аморан эвсараллин некъаш, кепаш ялош.

Иштта текстаца болх, тайп-тайпанчу технологех пайда а оьцуш, текстан а, лирически текстан таллам а беш, кхачаме болх д1абаьхьира курсийн ладог1архошца.

Курсаш йоьрзуш билггала хаарший, компетенцеш кхиорна а, коьчал т1еэцарна а г1о лоцу дешархойн г1уллакхдар лаккхарчу эвсараллица вовшахтухуш, таханлерачу чкъуран хьежамаш, лехамаш тидаме а оьцуш, керла юкъабевллачу хьехаран гIирсех пайда а оьцуш, дешархошца Iаморан, кхетош-кхиоран болх д1абахьа кийча бара ладог1архой.