Header1 1



Хьехархойн белхан эвсаралла лакхаяккхар

20201124 12-m2020-чу шеран лахьанан беттан 24-чу дийнахь Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан белхалоша, «Ас д1алур ю ПКЭ!» методически г1о-1аматан авторша: Абдуразаков Шертбека, Дудаев Султана, Тутаева Сацитас, Хунарикова Пет1амата Гуьмсан муниципальни к1оштан нохчийн меттан, литературин хьехархойн ассоциацица цхьаьна д1аяьхьира к1оштарчу ишколашкахь уьссалг1ачу классашкахь нохчийн мотт хьоьхучу хьехархошна методически гlo-накъосталла дан лерина «НОХЧИЙН МЕТТАН ПАЧХЬАЛКХАН КОЬРТАЧУ ЭКЗАМЕННА ЭВСАРАЛЛИЦА КЕЧАМ БАР» ц1е йолу семинар-практикум.

Семинаран 1алашо а, белхан чулацам а бовзуьйтуш, бланкаш кхочушъярехь, талламан-лараран коьчалан шолг1ачу декъехь хиллачу хийцамех а, ткъа иштта дешархойн экзаменационни белхаш толлуш зеделлачух а лаьцна дуьйцуш, семинаран болх д1аболийра Абдуразаков Шертбека.

20201124 1244-x

ТЛК-н хьалхарчу декъан чулацам а, цуьнан мах хадоран критереш а йовзийтина, семинаран декъашхошка ладоьг1начу текстан буха т1ехь хаттаршна жоьпаш даларан кепехь жима йозанан болх кхочушбайтира Дудаев Султана. Болх кхочушбинчул т1аьхьа масех хьехархочо бийшира шаьш язбина болх. Семинаран декъашхоша шайн белхан мах хадийра, презентацех (1-чу таблицах) пайда а оьцуш.

20201124 1013-x

ТЛК-н шолг1ачу декъан 2-8-чуй т1едахкаршца дог1уш шайн бланкаш т1ехь тайп-тайпана белхаш кхочушдайтира Тутаева Сацитас. Интерактивни уьн т1ерачу презентацех пайда а оьцуш, церан жоьпаш хьехархошца дийцаре а деш, эвсараллица болх д1абаьхьира Тутаевас.

20201124 1242-x

Экзаменационни белхан кхоалг1ачу декъан кхаа т1едилларх, церан д1ах1оттамах дерг семинаран декъашхошца дийцира дира Хунарикова Пет1амата.

20201124 1120-x

Цо хьехархошна довзийтира, муьлхачу произведенех пайдаэца аьтто бу арахецархойн 9.3 сочиненехь дахарера масал далош. Слайдашца презентаци а еш, Хунариковас гайтира, 9.1, 9.2, 9.3 сочиненеш язъеш х1ора г1улч йоккхуш, еа а абзацехь клишех пайда а оьцуш, арахецархочо бан беза болх. Семинаран декъашхоша, текстах пайда а оьцуш, язйира «Хьарамлонах ларвалар» темина сочинени. Мах хадийра вовшийн кхочушбинчу 9.3 белхан.

20201124 1014-x

Семинар-практикуман чаккхенехь, цуьнан декъашхоша деллачу хаттаршна жоьпаш а луш, царна баркалла а олуш, дерзоран къамел дира Абдуразаков Шертбека.