Header1 1



Нохчийн меттан институтехь рогӀера кхеташо хилира

19-01-2021-mНохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь рогӀера кхеташо хилира.

Кхеташо д1ахьош волчу институтан директора Умхаев Хьамзата тидаме дехкира дийцаре дан лерина г1уллакхаш.

Уьш дара карарчу хенахь институтан коллективо кхочушбечу белхан хьокъехь.

Къастош аьлча, институтан 1илманан белхахой х1окху т1аьхьарчу муьрехь, Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министран Байсултанов Идрисан т1едилларца, школашкарчу юьхьанцарчу классийн нохчийн меттан 1аматаш т1еюзарехь а, церан чулацамаш а, куц-кепаш а кхин а беркате хуьлучу аг1ор тодарехь къахьоьгуш бу.

Иштта, дакьалаца лаам болчу хьехархошна а, 1аматийн авторшна а юкъахь д1акхайкхийна конкурс д1айоьдуш  хиларх дерг карладаьккхира. Хууш ма-хиллара, г1уран (декабрь) ) бутт бовш А. Айдамировн ц1арахчу республикин  Къоман библиотекехь  йовзийтира нохчийн мотт кхиорехь инстититуто кхочушбина "Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш" гулар.

19-01-2021-4-x

Уьш  вайн республикин дукхах йолчу к1оштийн школашка д1акхачийна хилла хиларх элира.

И гуларш йовзуьйтуш нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина практикин курсаш д1аяхьа а 1алашо ю институтан куьйгаллин.

Институтан 1илманан белхахой А. Джунаидов а, Р. Бурчаев а вайн мехкан к1оштийн топономи толлуш ву х1окху т1аьхьарчу хенахь.

19-01-2021-5-x

Иза мехала болх хиларан цхьа а шеко яц.

Иштта дара кхеташонехь дийцаре дина г1уллакхаш.

Институтан коллективаца юкъара кхеташо д1аяьхьначул т1аьхьа, Хь. Умхаевс ша къаьстина кхеташо д1аяьхьира Нохчийн меттан Орфографин йоккха дошам вовшахтохаран декъехула къахьоьгуш йолчу белхан тобанца.

 

З.Эльдерханова