Header1 1



Нохчийн маттехула дешархойн олимпиада дӀаяьхьна

IMG-20210128-W-mДешархойн нохчийн маттехула хаарш зеран Ӏалашонца республикин школашкарчу лакхарчу классийн дешархошна юкъахь республикин олимпиада дӀаяьхьира кхолламан (январь) беттан 27-чу дийнахь, Соьлжа-ГӀаларчу Берийн   похӀма кхиоран туьшахь.

Билгалдаккха деза, нохчийн маттехула йолу хӀорашеран олимпиада кхушарахь вовшахтохарна, дӀаяхьарна жоьпалла Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса Нохчийн меттан институтана тӀедиллина хилар. Юьйцуш йолу олимпиада Ерригроссин дешархойн хӀорашеран олимпиадин регионан муьран дакъа ду, цул сов, бӀаьста массара сатуьйсучу Нохчийн меттан денна лерина кхочушдечу гӀуллакхех цхьаъ ду.

IMG-20210128-WA0003

Олимпиада дIайолош дешархошка а, церан Ӏуналла деш баьхкинчу хьехархошка а, дай-наношка а маршалла хоттуш вистхиллачу Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата билгалдаьккхира нохчийн маттехула хаарш зуьйш дӀахьочу олимпиадехь дакъалацар йоккха сийлаллла хилар.

Олимпиадехь дакъалоцуш масала, 9-чу классан 20 а, 10-чу классан 18 а, 11-чу классан 16 а дешархо вара. 9-чу классан дешархоша 12 тӀедиллар кхочушдан а, сочинени язъян а. 10–11-чуй классийн дешархоша 14 тӀедиллар кхочушдан езара а, иштта, сочинени язъян а езара.  Нохчийн маттехула йолчу олимпиадин программа хӀоттийнарш  Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахой,  «Ас дIалур ю ПКЭ!» (пачхьалкхан коьрта экзамен) методикин гӀо-Ӏаматан авторш,  Нохчийн Республикин халкъан хьехархой Дудаев Султан а, Абдуразаков Шертбек а, Россин Федерцин дешаран сийлахь белхахой Тутаева Сацита а, Хунарикова ПетӀамат а ю.

IMG-20210128-WA0004

Шайн дахар нохчийн маттаца доза лаам болчу Олимпиадин толамхошна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь а, Нохчийн пачхьалкхан университетехь а йолчу филологин факультетан нохчийн меттан кафедре деша баха бакъо хир ю.

Нохчийн меттан институтан директора Хь.Умхаевс дийцарехь нохчийн литературин дешархойн олимпиада чиллин (февраль) бутт юккъе боьдуш дӀаяхьа лерина ю.

IMG-20210128-WA0002

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран Байсултанов Идрисан сацамца олимпиадин толамхой билгалбахар а, царна совгӀаташ дар а Нохчийн меттан денна леринчу республикин даздаршкахь дIахьур ду.

 

З.Эльдерханова