Header1 1



Нохчийн меттан институтехь чиллин (февраль) беттан 2-чу дийнахь рогӀера  кхеташо хилира

02-02-2021-mНохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь чиллин (февраль) беттан 2-чу дийнахь рогӀера  кхеташо хилира. Кхеташо дӀайолош Институтан директора Умхаев  Хьамзата шен а, институтан   коллективан а цӀарах институтан Ӏилманан лакхара белхахо а, филологин Ӏилманийн кандидат  а волу Вагапов Ӏаьрби 70 шо кхачарца а, иштта Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахо, Нохчийн Республикин халкъан яздархо, публицист, драматург, нохчийн меттан говзанча   Ахмадов Муса 65 шо кхачарца а декьалвира.

Мусан дахаран а, кхоллараллин а агӀонехь лаьцна  олучу дашехь, Хьамзата билгалдаьккхира нохчийн къоман гӀиллакхаш а, нохчийн мотт а, литература а кхиорехь Мусас хьегна къа мехала хазна хилар.

«Мусан говзарш къоман культурин тӀаьхьалонийн могӀарехь шатайпа хӀолламаш  хилла лаьттарг хиларх шеко а яц», олуш лаккхара мах хадийра. Муса вевзаш ву школашкахь пайда оьцуш йолу  нохчийн литературин Ӏаматаш а, программаш а вовшахтохархо санна.

02-02-2021-2-x

Иштта, нохчийн меттан говзанчаш кхиорехь а, нохчийн мотт кхиорехь а даггара къахьоьгучу Ӏилманчех цхьаъ ву Вагапов Ӏаьрби. Нохчийн пачхьалкхан универстетехь цо Ӏамийна студенташ шайн белхан дика говзанчаш хуьлий дӀахӀуьттуш хилла бу даима а.

Къоман мотт кхиорехь а, «Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам» вовшахтохарехь а къахьоьгуш схьавогӀуш а ву иза. Ӏаьрбин а, Мусан а цӀарах хаза тоьшаллаш дира церан белхан накъосташа Устаев Ахьмада а, Джамбеков ШаӀранис а, Вагапова Асета а.

02-02-2021-3-x

Ларам беш динчу совгӀаташна юкъахь нохчийн къоман дозалла ларалуш болу дечиг-пондар бара. Иштта, кхеташонан низамца догӀуш ма-хиллара, кхи дӀа дийцаре дира институтан коллективана хӀокху тӀаьхьарчу беттанашкахь хьалха лаьтта белхан декхарш.

Царна юкъахь къаьсттинчу  тидаме эца дезарг Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран Байсултанов Идрисан тӀедилларца Нохчийн меттан денна лерина  кхочушдан дезачу цхьамогӀа гӀуллакхийн хьокъехь дерш дара.  Масала, Нохчийн меттан институтан куьйгалло вовшахтоьхна дӀахьур ю нохчийн мотт кхиорехь нислучу халонех лаьцна дуьйцуш йолу Ерригроссин барамехь йоккха конференци. Нохчийн меттан денна лерина дӀахьур ю «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» а, «Нохчийн меттан тоьлла кабинет» а республикин конкурсаш. Хьалхуо оха хаам ма-барра, дешархойн нохчийн маттехула долу хаарш зеран Ӏалашонца институто республикин школашкарчу лакхарчу классийн дешархошна юкъахь республикин олимпиада дӀаяьхьна кхолламан (январь) беттан 27-чу дийнахь.

Иштта, институтан говзанчашна тӀедиллина керлачу «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» гуларх пайдаэцаран эвсаралла совъяккхархьама нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина практикин семинараш, курсаш еш болх дӀабахьар.

02-02-2021-4-x

Цул сов, Нохчийн Республикин халкъан хьехархочо Абдуразаков Шертбека а, Нохчийн Республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн Ассоциацин куьйгалхочо   Бергоева Айзас а дехар дира, школашкахь нохчийн маттехула дӀалуш хилла йолу экзаменаш юкъах ца йохуш, гӀуллакх дӀанисдар доьхуш.

Нохчийн мотт кхиорехь а, Ӏалашбарехь а сема хиларал сов, нохчийн доьзалшкахь нохчийн меттан сийдар коьрта хеташ волчу дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса и санна долу гӀуллакх ледара дуьтург ца хиларх дог токх хилира кхеташонан дакъалацархой.

Шайн белхан декхаршца юьхькӀам болуш ларабан ниййат долуш бу институтан белхахой.

 

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА