Header1 1



Нохчийн литературехула дешархойн олимпиада дӀаяьхьна

15-02-2021-mДешархойн нохчийн литературехула хаарш зеран Ӏалашонца Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан куьйгалло вовшахтоьхна дӀаяьхьира республикин ерриге а кӀошташкарчу школийн лакхарчу классийн дешархошна юкъахь республикин олимпиада.

Дагадаийта лаьа кхул хьалха, кхолламан (январь) беттан 27-чу дийнахь, дӀаяьхьна хилла дешархойн олимпиада нохчийн меттан хаарш зерна лерина хилла хилар. Нохчийн литературехула йолу олимпиада  Соьлжа-ГӀаларчу кхитӀе долчу дешаран туьшахь   дӀаяьхьира чиллин (февраль) беттан 15-чу дийнахь.

Билгалдаккха лаьа Нохчийн литературехула йолу хӀорашеран олимпиада кхушарахь вовшахтохарна, дӀаяхьарна жоьпалла Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса   Нохчийн меттан институтана тӀедиллина хилар.

Юьйцуш йолу олимпиада Ерригроссин дешархойн хӀорашеран олимпиадин регионан муьран дакъа ду, цул сов, къоман мотт дукхабезачарна лардеш долчу Нохчийн меттан денна лерина кхочушдечу гӀуллакхех цхьаъ ду.

Олимпиада дIайолош дешархошка а, церан Ӏуналла деш баьхкинчу хьехархошка а, дай-наношка а маршалла хоттуш вистхиллачу Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата билгалдаьккхира нохчийн литературехула хаарш зуьйш дӀахьочу олимпиадехь дакъалацар йоккха сийлаллла хилар. 

«Шун вовшашца йохье довлийта. Кхана лакхарчу дешаран учрежденешка деша доьлхуш шун аьтто хилийта дӀахьош ю вай хӀара олимпиада. «Олимпиадин   толамхо я лауреат хилла бохург а боккха юьхькӀам бу. Шу кхера оьшуш дац. Коьртаниг вайн къоман мотт, литература езаш а, йоьшуш а  хилар ду.  Нохчийн яздархойн говзарш евзаш, йоьшуш хила деза шу. ДагадогӀу айса Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» роман со эскаре воьдуш сайца яхьар, сайца нисбеллачу кхечу къомах болчу  векалшна дозалица дийцина. Вайн кегийрхой яхь йолуш, хаарш долуш хуьлийла лаьа тхуна. Дала аьтто бойла шун!» – аьлла, дешархойн  дог-ойла гӀаттийра  Хь.Умхаевс.

15-02-2021-x2

Литературин олимпиадин бехкамех лаьцна дуьйцуш, дешархошка вистхилира Нохчийн Республикин халкъан хьехархо Абдуразаков Шертбек.

Олимпиадехь дакъалоцуш, масала, 9-чу классан 11 а, 10-чу классан 10 а, 11-чу классан 11 а дешархо вара.  10–11-чуй классийн дешархоша 12 тӀедиллар кхочушдан дезара а, иштта, сочинени язъян а езара.

Нохчийн маттехула  а, литературехула а йолчу олимпиадийн программаш хӀиттийнарш    Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахой,  «Ас дIалур ю ПКЭ!» (пачхьалкхан коьрта экзамен) методикин гӀо-Ӏаматан авторш,  Нохчийн Республикин халкъан хьехархой Дудаев Султан а, Абдуразаков Шертбек а, Россин Федерцин дешаран сийлахь белхахой Тутаева Сацита а, Хунарикова ПетӀамат а ю. 

Олимпиадин толамхошна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь  а, Нохчийн пачхьалкхан университетехь  а йолчу  филологин факультетан нохчийн меттан кафедре деша баха  бакъо хир ю.

Ткъа оцу шина а олимпиадин  жамӀаш довзар а,  толамхой билгалбахар а, царна  совгӀаташ дар а оханан (апрель) баттахь Нохчийн меттан денна леринчу республикин даздаршкахь дIахьур ду.

 

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

О