Header1 1



Этнографин диктант

IMG 0831 1-mДерригдуьненан  ЮНЕСКО организацин  дlадолорца, 1999-чу шарахь дуьйна чиллин (февраль) беттан 21-г1а  де  дуьнен чохь билгалдоккхуш ду Къоман меттан дуьненаюкьара де санна.

Цунна тlедоьгlна, Нохчийн Республикин дешаран а, lилманaн а министран Байсултанов Идрисан тlедилларца вайн республикин  ерриге а кlоштийн а, гlалийн а  юкъарчу дешаран учрежденешкахь "Бовза, беза ненан мотт!" аьллачу кхайкхамца йолу регионан Этнографин диктант дIяьхьира  чиллин беттан 19-чу дийнахь.

Нохчийн маттехула хаарш зеран lалашонца йолу диктант хlоттийнeра  Нохчийн меттан институтан говзанчаша.

Диктантехь кхочушдан дезара нохчийн меттан декъехула долу 60 тlедиллар.

IMG 0832 1-x

Къоман мотт -  къоман са ду. Къам дуьнен чохь хиларан а, цуьнан орамийн зlийдигаш эзар шерашкахь, цахедаш, таханлерчу дийне схьакхачаран, lалашбелла хиларан билгало ю мотт хаар, бовзар, хилар.

Хууш ма-хиллара, нохчийн мотт шатайпаналла йолу цlена, оьзда, токхе мотт бу.

Лерсина аьхна бу, дагна дарбане бу вайн оьздачу дайх бисина нохчийн мотт.

Вайн Наноша вайна юьту марзо ю Ненан мотт. Яхь йолчу хlора нохчичо буьйцур а бу, lалашбийр а бу иза.

Этнографин диктант дlаяхьар - доккха маьlна долуш гlуллакх ду.

IMG-20210219-WA00-x

Цуьнан lалашо кегийрхойн ненан матте марзо кхоллар, меттан хазалла гайтар, шен къоман гlиллакхашна, ламасташна тlе тидам бахийтар ю.

Этнографин диктантехь дакъалацар ненан маттехула шен  хаарш зер ду.

Ишттачу диктанехь шена хууш дерг карла а долу, ца хууш дерг довза дог-ойла а хуьлу.

Шеко йоцуш чIагIдан мегар ду, нохчийн маттехула хаарш зеран  Этнографин диктант беркате гIуллакх хилар.