Header1 1



Нохчийн меттан институтехь хилла йолу коллективан рогIера кхеташо

IMG 20210309-mТахана, бекарг (март) беттан 9-чу дийнахь   Нохчийн меттан институтехь дӀаяьхьна хилла йолу коллективан рогӀера кхеташо цкъа а ца хиллачу кепара гӀайгӀане йолийра институтан директора Умхаев Хьамзата.

Иза иштта бен хуьлийла а дацара, кху деношкахь кхелхинчу, вайна массарна а дукхавезаш а, оьшуш а   волчу беркатечу Ӏилманчах, нохчийн халкъан дозаллах, Нохчийн институтан лакхарчу Ӏилманан белхахочух, Джамбеков ШаӀранех дош олуш, кадам бан дезаш нисделла хилар лан нуьцкъала дара.

Шена Дала елла оьмар нохчийн маттана, литературина, халкъан фольклорана, нохчийн къоман цӀарца доьзна долчу дерриге а диканна дӀалуш схьавогӀу ШаӀрани дӀавалар дагах ца кхоьтийла дац.

Филологин Ӏилманийн докторх, профессорх Джамбеков ШаӀранех лаьцна олу дош сов дацара. Белхан накъосташа, кар-кара оьцуш, дийцира цуьнан оьздангаллах, дикаллах.

«Делан кхиэл ю лелларг. Дала декъалвойла вайн ШаӀрани. Халкъана боккха иэшам бу иштта стаг дӀавалар», – аьлла дӀадерзийра Хь.Умхаевс кхеташонан хьалхара дакъа.

Вуо-дикий ши лулахо ду. Дуьненан гӀиллакхаш лелор вайна тӀехь ду. 8-гӀа Март Зударийн дуьненаюкъара де хилар диц ца деш, институтан белхахой- зударий декъалбеш, царна   совгӀаташ дира. Къаьсттина декъалйира 8-чу мартехь йина де долу Айдамирова Машар.

Хууш ма-хиллара, Нохчийн меттан институт шена еллачу керлачу хӀусаме дӀакхелхар ю кестта.

Оцу институтехь нохчийн меттан музей схьаелла Ӏалашо йолуш дӀаболийна болх а бу дӀахьош.

Музейн директоран декхарш кхочушдийр ду Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Аболханов Хьаькима.

Музейн чу оьшуш йолу экспонаташ а, архивни тептарш а вовшахтохарх лаьцна дийцира Хьаькима.

IMG 20210309 1-x

«Къоман меттан истори гойтуш болу гӀирс а, нохчийн мотт кхиорехь, талларехь къахьегначу дуьххьарлерчу Ӏилманчех болу хаамаш (церан суьрташ, биографеш, йозанан белхийн копеш, дуьххьара хиллачу абатийн а, Ӏаматийн а экземплярийн копеш а, оригиналаш а) дукха хӀума ду музейн чохь хила дезаш. Нохчийн меттан музей вовшахтохар институтан белхахойн хилла ца Ӏаш, вайн дерриге а халкъа а дакъалоцуш дан дезачу гӀуллакхех лору ас»,– элира Хь.Аболхановс.

Яхь йолу нах даима а хилла вайн халкъан. Оьшучохь карийна а бу уьш. Царах цхьаъ ю масала кху деношкахь Нохчийн меттан институтан директоре Умхаев Хьамзате нохчийн хьалхалерчу Ӏилманчийн а, яздархойн а (латинин а, Ӏарбойн а меттанашкахь) зорбане йийлина хиллачу абатийн а, Ӏаматийн а копеш яьхна, церан папкаш институтана схьаяийтина йолу Сайдумова Зулай. Институтан белхахошна боккха кхаъ хиллера церан копеш ган аьтто хиларх.

IMG 20210309 10-x

Дукха шерашкахь вайн республикин Берийн библиотекин директор лаьттина   йолчу Зулайна даггара баркалла ала хьакъ хиларх а хьахийра Хьамзата. З.Сайдумовас Нохчийн меттан институтан куьйгалле яздина кехат дийшира Хьамзата. Цул тӀаьхьа, институтан лакхарчу говзанчас Абдулкадырова Раисас хаам бира институтан рогӀера «Вестник» журнал зорбане дӀаделла хилар хоуьйтуш.

Институтан коллективан юкъара кхеташо дӀахьочу хенахь, дехьа чохь болх беш яра Нохчийн меттан Орфорграфин йоккха дошам вовшахтохараллин тоба. Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса дечу гӀо-накъосталлица Нохчийн меттан институтан шен хӀусам хир ю кеста. Институтан говзанчех массарел воккхахволчу ларамечу Устаев Ахьмадан дешнашца аьлча, «Ши пхьош хьалакарчийна бича а биссал дукха хир бу институто кхочушбан беза болх». Делахь а, шайн белхан декхаршна малбелла Ӏийр болуш бац институтан Ӏилманчаш а, говзанчаш а. Дала тӀаьхье беркате йойла вайн!

 

З.Эльдерханова