Header1 1



Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2021

IMG 20210331 1517-mНохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствон д1адолорца  2021- чу шеран оханан (апрель) беттан 12-17 -чуй деношкахь Нохчийн меттан институто д1ахьур ю  республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна юкъахь «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2021» аьлла  республикин ламасталлин конкурс.

Конкурсехь дакъалаца аьтто бу  Нохчийн Республикин юкъардешаран организацийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн.

ХӀорашеран «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» республикин конкурс дӀахьош ю оханан беттан 25-чу дийнахь билгалдоккхуш  долчу Нохчийн меттан денна лерина кхочушдечу  гӀуллакхийн гурашкахь.

Конкурс дӀаяхьаран Ӏалашо ю нохчийн меттан а, литературин а хьехархошлахь   кхоллараллин хьехархой гучубахар, царна  гӀодар, хьехархочун белхан сий лакхадаккхар.

Билгалдаккха деза, юьйцуш йолу конкурс 2010-чу шарахь дуьйна дӀахьош ю.

«Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2021» республикин конкурсан  зераш дӀадирзича  билгалбохур бу  нохчийн меттан тоьлла хьехархой.

Карладаккха лаьа,   дӀадаханчу  2020-чу шарахь  «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2020» республикин конкурсехь   хьалхара меттиг  Гуьмсан кӀоштарчу   Ойсхаран №1 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо  Имхаджиев Дауда  а,  шолгӀа меттиг Курчалойн кӀоштарчу Иласхан-Юьртан школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Успанова Жанетас а,  кхозлагӀа меттиг  Хьалха-Мартан гӀалин №6 йолчу школин   нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Тасуева Тамарас яьккхина хилла хилар.