Header1 1



Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2021

IMG 3438-mЛараме накъостий! Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствон д1адолорца  Нохчийн меттан институто д1ахьош  ю  республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна юкъахь «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2021» аьлла  республикин ламасталлин конкурс.

Танана  оханан (апрель) беттан 14-чу дийнахь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр  Байсултанов Идрис цхьаьнакхийтира Нохчийн меттан институтан кхерчахь даздарийн хьолехь дӀайолийначу конкурсан  дакъалацархошца.

«Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2021» санна йолу конкурс дӀаяхьар а, цуьнан дакъалацархо хилар а йоккха сийлалла хеташ а бу вайн хьехархой. Цундела а мехала дара Байсултанов Идрис нохчийн меттан хьехархошца цхьаьнакхетар а, цаьрга синайааме къамел дар а.

jkdfdl-x

«Нохчийн мотт кхион а, Ӏалашбан а, иза  хӀора доьзалехь буьйцу хӀорадийнан  мотт хилла  дӀахӀуттийла лууш волчу Ахьмадан Рамзана дукха  гӀуллакхаш дайтина вайн республикехь. Нохчийн меттан институт оьшура аьлча, иза а  схьаеллийти, цуьнан  шен гӀишло хилча дика хир дара аьлча, кхузаманан  тоьллачу куьцехь гӀишло а кечъяйтина. Цундела,  меттан Ӏилманчашна къахьега  а, хьехархошна  шайн хаарш тӀедуза а, «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» конкурс санна  кхиболу  беркате, пайдехь болх а, гӀуллакх а, проекташ а кхочушъян хьелаш а, меттиг а, Делан къинхетамца,  ю вайн хӀинца. Шуна дуьсуш дерг доггаха къахьегар ду. Дала аьтто бойла!», –  билгалдаьккхира  Байсултанов Идриса  шен къамелехь.

IMG 3441-x

Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата карладаьккхира дӀаяханчу хенахь нохчийн меттан тидам бар цӀархазмана бен деш цахилар.

IMG 3440-x

 

«Нохчийн меттан институт кхоллар а, хӀара хилар а, Нохчийн меттан де билгалдоккхуш хилар а дийцина ца валлал доккха хӀума ду. Меттан институт  СССР пачхьалкх хиллачу  меттехь а 2-3 бен яц, царах цхьаъ хӀара ю. Вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан ву оцу беркатийн хьалха лаьтташ верг. Шуна  ма-гарра исбаьхьа куьце ялийна  хӀара гӀишло  иштта хилийта шен ницкъ а, хьуьнар а, хан а ца кхоош къахьегнарг вайн республикин дешаран а, Ӏилманан а министр волу Байсултанов Идрис ву. Нохчийн меттан кханенах доглозучийн а, сайн а цӀарах  даггара баркалла, Дела реза хуьлда ала лаьа цуьнга.»