Header1 1



Ийманехь кхетош-кхиоран а, хаамийн отделийн а  балхах дийцира  Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствохь

1621602368-mИйманехь кхетош-кхиоран а, хаамийн отделийн а  балхах дийцира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса шен заместительшца цхьаьна  йоккха кхеташо дIаяьхьира республикин кIошташкарчу дешаран дакъойн  куьйгалхошца а, оцу учрежденешкахь ийманехь кхетош-кхиоран  болх  дӀабахьарна жоьпалле болчаьрца а,  кхитIедолчу а, корматаллин юккъерчу  а дешаран учрежденешкахь хаамийн балхана  жоьпалле болчаьрца а.

(Нохчийн меттан Iилманан институтан цIарах цигахь дакъалоцуш вара институтан директор Умхаев Хьамзат а, хаамийн декъан куьйгалхо Арсанукаев Iабдул-Бар а).

Кхеташо лерина йара дешаран учрежденешкахь ийманехь кхетош-кхиоран  декъехула жоьпалле болчу хьехархойн белхан эвсаралла лакхайаккхаран а, ткъа иштта, хаамийн-кхеторан белхан  дикалла лакхайаккхаран  а цхьамогIа гIуллакхаш  дийцаре дарна.

Кхеташонехь дакъалоцуш вара Дешаран а, Ӏилманан а министран ийманехь кхетош-кхиоран балхехула волу заместитель, шарIан Iилманийн доктор  Хариханов Асвад.

1621602368601

Дешархой социальни сеташкахула дӀахьош йолчу экстремизман идеологин тӀеӀаткъамах ларбарх а, уьш ийманехь кхиорах а лаьцна дара коьрта цо дина къамел.

Байсултанов Идриса билгалдаьккхира дуьненаюкъарчу экстремистийн организацийн векалша шайн ницкъ кхочучу агӀор вайн республикин машаран дахар талхор йолчу Ӏалашонца зуламе некъаш лоьхуш хилар. И некъаш интернетан таронашца а лоьху цара. Цундела мехала ду вайн республикехь болу кегийрхой оцу зуламхойх ларбан хьовсар.

А.Харихановс а карладаьккхира дешархошца ийманехь кхетош-кхиоран болх беш хиларал сов, оцу дешархойн дай-наношца беш болу болх а, цаьрца йолу зӀе а даима а тергонехь латтош хила дезар. Бер кхиор – боккха болх бу, ткъа оцу белхан дика кхиам, юьхькӀам болу чаккхе, дика жамӀ оцу берийн дай-наноша, школо, хьехархоша цхьаьнахоршахь къахьегча бен хуьлийла дац. Вайн махкахь тахана болчу машаре, муха кхаьчна хоьуьйтуш, бераш кхетош хила беза баккхийнаш.

1621602368592

И.Байсултановс шен къамелехь къаьсттина тидам тIебохуьйтуш элира дешаран учрежденешкахь дIахьош болу ийманехь кхетош-кхиоран балх мехаллах. Оцу балхана жоьпалле волу хьехархо уггар  хьалха ша хила а веза кегийрхоша масал эца хьакъ долуш. Ийманехь кхетош-кхиоран хьехархо кхечу хьехархошна а гIоьнча хилла дIахIоьттина хила а веза. Церан юкъарчу къинхьегамо  аьтто бийр  бу кегийрхойн дог-ойла дешарна тIеерзон.

Кхеташонан шолгIа дакъа дешаран учрежденийн болх хаамийн гIирсашкахь гайтарна лерина дара. Кхузаманан лехамашца догIуш, интернет-майданахь дIахьо болх (лерринчу сайташкахь а, социальни сетешкахь а) эвсарабаккха хьашт ду. Сайтийн  агIонашка  тидаме йохкучу материалийн  чулацам дика а, пайдехь а хила а беза. Интернет гIирсех  нийса  а, эца ма-беззара а пайда оьцуш  хиларо школин цIе, сий, ларам ойъу.

1621602368603

Министран гIоьнча а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон  пресс-службин куьйгалхо а волчу Усманов Мансура  доклад йира  кIоштийн дешаран урхаллийн белхан мониторинган жамIаш довзуьйтуш.

Оцу декъехь дIахьочу белхан дикалла лакхаяккхаран некъаш а хьийхира цо. Хаамийн декъехула жоьпалле болчаьрга  баттахь цкъа хьесап а деш, шайн белхан  жамIаш деш чот йан езар юйла а хаийтира  цо.

Цхьаьнакхетар дерзош, гулбеллачеран хаттаршна жоьпаш а луш, церан проблемаш къасто хьаьжира министр.