Header1 1



Умхаев Хьамзат цхьаьнакхийтира вайн республикин школийн  йуьхьанцарчу классийн дешаран Iаматийн авторшца.

189198702 5923-mТахана, Нохчийн меттан Iилманан институтан директор Умхаев Хьамзат цхьаьнакхийтира вайн республикин школийн  йуьхьанцарчу классийн дешаран Iаматийн авторшца.

Дешаран  Iаматийн чулацаман дикаллина а, уьш зорбане кечйарал хьалха хьесапе эца дезачу законийн а, къепийн а хьокъехь  дара цхьаьнакхетарехь динчу къамелан  коьрта дакъа.

Цхьана дашца аьлча, Iаматна «къобалйина» аьлла мухIар тохале хьалха кхочушбан безачу боккхачу балхах дийцира кхеташонехь.

Хьамзата карладаьккхира школийн дешархошна лерина йолу Iаматаш зорбане йаьхначул тIаьхьа я  тIеюза а, я хийца а хьашт хилча, и бакъо  хIора 5 шо даьлча луш  хилар. 

Оцу юкъанна хьехархоша а, дешархоша а мах хадабо церан. Дешаран Iаматаш зорбане кечйар шен тIегIанаш долуш боккха болх хиларх кхеташ бу авторш. (Цкъачунна юьйцуш ерш 1-4-чуй классийн Iаматаш ю).

Хь.Умхаевн дешнашца аьлча, Iаматаш  Iилманан а, педагогикин а, юкъараллин а, регионан этно-культурин а экспертизийн луьттарх чекхйаьхча, Нохчийн Республикин дешаран а,Iилманан а министерствон говзанчийн  кхеташоно къобалйина яьлча бен ца кховдайо Федеральни центре.

Цигахь, оцу Iаматийн чулацам а, кеп-куц а, ФГОС-н барамийн лехамашна жоп луш хилларна толлу. Иштта ду Iаматийн хьокъехь дерг.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байсултанов Идриса Нохчийн меттан институтан куьйгаллина тидаме эца аьлла тIедиллинарг оцу Iаматийн чулацам берашна товчу агIор аьхна а, къегина хаза а хилийтар ду.

Ткъа вуьшта, бакъ ду, Iаматийн авторш  карарчу хенахь  шаьш вовшахтухуш болу  болх меттан говзанчашна а, дешархошна а, церан дай-наношна а, хьехархошна а безалур болчу агIор юьхькIоме бу аьлла тешна бу.

Дала тIаьхье беркате йойла!