Header1 1



Нохчийн меттан 1илманан институтехь лараме хьеший хилира.

1907612-mХ1утосург (май) беттан 21-чу дийнахь Нохчийн меттан 1илманан институтехь лараме хьеший, Нохчийн  Республикин дешаран а, 1илманан а министр Байсултанов Идрис а, Соьлжа - Г1алин мэр Кадыров Хас-Мохьмад а  хилира.

Нохчийн меттан институт керлачу кхерчахь д1атаръелла дукха хан йац.

Цуьнан  г1ишлонан а, уьйт1енан, кет1енан а куц-кеп хазаллин сибате дирзина даьлла, шеко йоцуш, мехкан хьаша  чувало  а юьхьк1ам болуш  го.

Нохчийн мотт кхиоран "г1айре" лара мегар долуш, дерриге а хьелаш ду институтан говзанчашна балхана  тодина. Хьешашна  Институтан чу-аре, хьелаш, кхочушдина г1уллакхаш гойтуш хьалхаваьлла институтан директор Умхаев Хьамзат а  волуш, уьш хьаьвсира уьйт1ахь динчу керлачу маьждиге а, нохчийн  йаздархой а, 1илманчийн а безамна йоьг1начу беша а, институтан чохь вовшахтоьхначу Нохчийн меттан музей чу а, иштта, лабораторийн кабинеташ чу а, Гуламан а, Даздарийн а чоьнаш чу а.

И дерриге  г1уллакхаш дайтинарг Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министр волу  Байсултанов Идрис ву.  Билгалдаккха деза, х1ара санна йолу къоман меттан институт дуьнен чохь а 2-3 бен цахилар.

Вайн къоман мотт кхиорехь  иштта аьтто, кхиам хилар вайн Мехкан - Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин  Рамзан нохчийн мотт безаш а, буьйцуш а, цуьнан кханенах дог лозуш а хилар ду.

Историн маь1на долу хилам бу Нохчийн меттан институт хилар, ткъа кху тайпа исбаьхьа хаза кечйина д1ах1оттаяр кхин а доккха х1ума ду.