Header1 1



Асет дуьнен чу йаьллачу денца декьалйира институтан директора Умхаев Хьамзата

192282-mЛараме махкахой! Диканиг дӀахьоьхуш верг гӀазотан декъахь сийлахь лору вайн дино а, нохчийн гӀиллакхо а.

ГӀарйаьлла евзаш йолу нохчийн меттан а, литературин а хьехархо а, Нохчийн Республикин хьакъйолу а хьехархо Вагапова Асет цхьаъ ю оцу ларамечу нахах!

Шен дахарехь дийнна «эскар» хьехархой кхиийна, кхетийна цо. 

Оьшучохь царна нана хилла а яьхна иза.

Тахана Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан Ӏилманан институтехь нохчийн меттан хьехархойн говзалла лакхайаккхаран центрехь Ӏилманан белхахочун даржехь къахьоьгуш йолу Асет дуьнен чу йаьллачу денца декьалйира институтан директора Умхаев Хьамзата.

Декьалдаран дашехь Хьамзата билгалдаьккхира ларамечу Асета нохчийн мотт а, нохчийн къоман гӀиллакхаш а, культура а кхиорехь дукха шерашкахь  къахьегна хилар.

Вайн республикин мел генарчу кӀоштарчу юьрта кхача а мало ца еш, Асета цхьаьнакхетарш а, семинараш а вовшахтухура.

Къоначу  хьехархошна шайн балха тӀехь а, дахарехь а оьшур долу хьекъал а ло цо.

Цуьнан къинхьегаман лар цкъа а йовр яц.

Асетан «дешархой»  вайн республикин хӀора йуьртахь карор бу тахана.

Уьш кхиамийн  новкъахь а бу. Далла хастам бу   Асет, хьо  йолуш! Хьо – вайн  мехкан дозалла ду!

Нохчийн меттан институтан коллективан а, директоран а цӀарах кхин цкъа а ала лаьа, тхан лараме  Асет, Дала могаш - маьрша а йолуш, дика а, дукха а йахайойла хьо  махкана! Хьо санна йахь йолчу  зударша, оьздачу хьехархоша къагош а, токх деш  а ду нохчийн  къам!