Header1 1



Хьехархойн говзалла лакхайаккхаран курсаш

2021-05-25 1703-mХӀутосург (май) беттан 24-чу дийнахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан Ӏилманан институтан Хьехархойн говзалла лакхайаккхаран центрехь вайн республикин йуккъерчу йукъардешаран ишколийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн хаарш тӀедузаран Ӏалашонца «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш: теори, практика, хьехаран методика» аьлла хӀоттийначу программин гурашкахь кхитӀедолчу дешаран курсаш дӀайолайар хилира.

Курсийн ладогӀархошка маршаллин дош элира Нохчийн меттан Ӏилманан институтан директора Умхаев Хьамзата.

2021-05-25 1701-x

Республикин ерриге а кӀошташкара хьехархой бу курсашкахь Ӏемаш.

Курсийн программа, лакхахь ма-аллара, Хьехархойн говзалла лакхайаккхаран центран говзанчаша (куьйгалхо Дашаева Лайлаъ коьртехь йолуш) хӀоттийна ю.

20210525 1714-x

Оцу центран говзанчаша Л. Дашаевас а, А. Вагаповас а, Л. Исраиловас а, Ӏ.Говдахановас а, М. Халиковас а хӀутосург (май) беттан 24-чу дийнера асаран (июнь) беттан 3-чу дийне кхаччалц хьехархошна мелла а кьорггера йовзуьйтур ю керлачу бакъонийн билгалонаш, бехкамаш.

2021-05-25 1658-x

Хьехархойн кхолладеллачу чолхечу хаттаршна жоьпаш лур ду и бакъонаш хӀитторехь къахьегначу нохчийн меттан Ӏилманчаша М. Овхадовс, Ӏ.Бадаевас, А. Абдулкадыровс, И. Солтахановс, иштта кхечу Ӏилманчаша а.