Header1 1



Нохчийн меттан Iилманан институтехь конкурсийн жамIаш довзийтаран а, толамхой  совгIаташца  билгалбахаран а  даздарш дIадахьар хилира.

2021-05-31 0-mТахана Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн меттан Iилманан институтехь хIокху шарахь Нохчийн меттан денна лерина дIайаьхьна хиллачу цхьамогIа конкурсийн жамIаш довзийтаран а, толамхой  совгIаташца  билгалбахаран а  даздарш дIадахьар хилира.

Институтан Даздарийн йоккха зал вайн республикин школашкахь къахьоьгуш болчу  нохчийн меттан а, литературин а  хьехархойх а, дешархойх а, хьешех а  дIайуьзна йара.

Уьш къегина кечбелла, сакъераделла гуш хилар а  дагна хьаам беш хаза дара.

Хьехархоша а, дешархоша а  дийнна шарахь  сатийсина, церан хаарийн а, хьуьнарийн а мах хадош долу дезде  дара иза!

Даздарийн суьйренан ларамечу хьешашна йукъахь бара вайн республикехь а, Россехь а гIарбевлла бевза меттан Iилманчаш а, мотт кхиоран балхана йукъа йоккха  хазна йиллина болу нах а.

2021-05-31 092939

Царна йукъахь филологин Iилманийн докторш, профессорш Овхадов Муса а, Навразова Хьава а, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Бексултанов Муса а, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо Абдурзаков Шертбек а, Нохчийн Республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн ассоциацин  куьйгалхо Бергоева Айзан, кхин болу нах.

2021-05-31 093305

Конкурсаш хIокху дакъошкахула шайн-шайн номинацешкахь дIайаьхьна йара:

«Нохчийн меттан тоьлла кабинет», «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо», «Нохчийн меттан тоьлла сочинени», ткъа иштта, Нохчийн Республикин йукъарчу дешаран организацийн 9-11-чуй классийн дешархошна йукъахь дIайахьначу нохчийн меттан а, литературин а регионан олимпиада а.

Даздаршка цхьаьнакхеттачу нахе маршаллин дош элира Нохчийн меттан Iилманан институтан директора Умхаев Хьамзата.

Шен къамелехь цо билгалдаьккхира нохчийн маттаца доьзна дерг билгалдаккха а, цхьаьнакхетарш дIадахьа а тахана схьагуш йолу  институт санна йолу меттиг хилар а, вай маьрша-могаш дахар а Делан къинхетам бу хилар.

«Тхоьга тхайга, шу ца хилча,  хIумма далур дац, шух, хьехархойх, вайн къоман мотт безачу нахах йоккха дегайовхо ю тхан. Хьехархочун болх сийлахь бу, аш хьоьгуш долу къа Делера ял хир йолуш мелехь доккха а ду. Дала аьтто бойла шун!»,– олуш дерзийра Хь.Умхаевс шен къамел.