Header1 1



Май беттан 22-чу дийнахь йукъардешаран хьукматийн 9-чу классашкахь д1абаьхьира республикин талламан болх

193488232021-чу шеран 30-чу апрелан Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствон № 559-п йолчу омрица май беттан 22-чу дийнахь йукъардешаран хьукматийн 9-чу классашкахь д1абаьхьира республикин талламан болх.

Талламан белхан т1едахкарш нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменан талламан-лараран коьчалийн чулацам а, д1ах1оттам а билгалбоккхуш долчу документашца цхьаьнадог1уш х1иттийна дара.

Талламан болх кхочушбарна лерина хан 2 сахьт 15 минот (135 минот) йара, ткъа заь1апхошна – 3 сахьт 45 минот (225 минот).

Талламан белхаш д1абаьхьира талламан белхан декъашхой 1амочу дешаран хьукматашкахь.

Уьш теллира оцу дешаран хьукматийн хьехархоша.

Талламан белхаш толлучу хенахь т1етовжа оьшуш йолу талламан-лараран коьчалийн спецификаци а, мах хадоран т1ег1а а республикин йукъардешаран хьукматашка хьалххе д1акхачийнера.

Нохчийн меттан талламан болх кхочушбинчул т1аьхьа г1алийн а, к1оштийн а дешаран урхаллийн куьйгалхоша схьадаийтина талламан белхийн жам1аш вовшахтоьхна Нохчийн меттан институтехь.

Талламан белхан жам1аша таро хилийтира коьртачу ишколехь дешар чекхдоккхучу арахецархойн нохчийн маттах а, йозанан къамелах а долчу хаарийн т1ег1а билгалйаккха а, ткъа иштта цара ледара хаарш гайтина «Нохчийн мотт» предметан коьрта чулацаме дакъош тидаме эца а.