Header1 1



Джамбеков ШаIранин дагалецамийн цхьаьнакхетар

IMG-20210602-WA00-mТахана Шуьйтан кӀоштарчу Лаха Варанда чу мел йог1учу машенахь болчу наха хоттуш ерг кхузара школа мичахь ю дийцар дара. Цунна бахьана оцу йуьртарчу школина а, урамна а нохчийн халкъана дукхавезаш хиллачу нохчийн меттан Ӏилманчин, фольклористан Джамбеков Ша1ранин ц1е туьллуш, дагалецамийн цхьаьнакхетар дӀахьош, адам сагӀане гулдалар дара.

Нохчийн Республикин динан а, Ӏилманан а, дешаран а, литературин а интеллигенцин векалш бара оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш.

Царна йукъахь: Нохчийн Республикин К-Хь.Кишиевн цӀарахчу Россин исламан университетан ректор Ӏ-Р.Мутушев, НР-н дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан Ӏилманан институтан директор Хь.Умхаев, Нохчийн Республикин халкъан йаздархой М.Ахмадов, М.Бексултанов, филологин Ӏилманийн докторш, профессорш Хь.Навразова, М.Овхадов, М.Халидов, филологин Ӏилманийн кандиддат Ӏ.Вагапов а, Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан хьехархойн университетан профессор, философин Ӏилманийн кандидат В.Гадаев а, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархо, историн Ӏилманийн доктор, профессор М.Ибрагимов а, НР-н Ӏилманийн академин вице-президент Р.Дадашев, оццу Академин Гуманитарни Ӏилманийн талламийн институтан директор С.Магомадов а, Пайдехьчу семиотикин отделан куьйгалхо, профессор С.Умархаджиев а, НР-н хьакъболу журналисташ С-Хь. Дадаев а, А.Газиева а, литературин критик Хь.Бурчаев а, иштта, Шуьтан кӀоштан администрацин куьйгалхочун заместитель М.Басханов, Варанда юьртара Ӏеламстаг С-Ӏ.Азимов, ткъа иштта, ШаӀранин белхан накъостий а, гергара нах а, доьзал а.

IMG-20210602-WA0021

Цхьаьнакхетар дӀадолош хьалхара дош аьллачу махкахь вевзаш волчу Ӏеламстага Мутушев Ӏабдул-Рахьима тоьшалла дира ШаӀрани бусалба дин а, шен къам а дукхадезаш оьзда стаг хиларан хьокъехь. Исламан университетехь а дуккха шерашкахь болх бина вара ШаӀрани. Цунна тӀера доӀа дайтира цо.

Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата билгалдаьккхира ШаӀрани тӀаьхьарчу хенахь Нохчийн меттан Ӏилманан институтехь болх беш, мотт а, литература а кхиорехь йаккхий Ӏалашонаш йолуш хилла хиларна. «ШаӀрани сан хьехархо а, доттагӀа, дика накъост а вара. Дала декъалвойла иза. Иза дӀаваларан дакъа кхочуш болчарна собар а лойла. И дакъ-м, ма-дарра аьлча, вайн еригге а республикина а кхечира. Дика ду, хаза ду, гӀиллакхехь ду цуьнан цӀарах школин а, ураман а цӀе тиллар».

Массара а цхьабосса билгалдоккхуш дерг ШаӀрани мехкан воӀ хилар дара. Иза оьзда, аьхна, тешаме, дог цӀена хилла хилар дара. Нохчийн барта кхолларалла вовшахтохарехь хьанала къахьегна, йоккха хазна-фольклор тӀегулйина дӀавахна иза. ШаӀранис цхьамогӀа къона Ӏилманчаш а кхиийра. Иштта, шайн хьехархочух дош элира З.Алиевас, А.Халиковас, В.Расумовс, С-Хь.Ирезиевс.

IMG-20210602-WA0012

КӀирнах, баттахь дийцарх а кхачор доцуш, дуккха а дисна цунах ала хьакъ долу дешнаш.

Бакъдолуш, вайна юккъехь цхьа лаьтта охьадиссина седарчий санна дог-цӀена а, са-сирла а адамаш хуьлу.

И саннарш къорда а ца бо вайна, уьш вайна марзонаш юьтуш цӀеххьаша дӀа а боьлху. ШаӀрани царах вара. Иза вайна везаш а, оьшуш а стаг вара.

IMG-20210602-WA0026

Цхьанакхетар дӀадерзош Варандан школин неӀаран баьрччехь ШаӀранин цӀарах хӀоллам схьабиллира йуьртан имама Азимов Сайд-Ӏадлана а, ШаӀранин йоӀа Маликас а.

Шайн ваша лерина баьхкинчу нахана даггара баркалла а олуш, хьеший сагӀанан шуьне кхайкхира ШаӀранин вашас Хьамзата.