Header1 1



Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта  бакъонаш: теори, практика, хьехаран методика

2021-06-07 10-mНохчийн  Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь хӀутосург (май) беттан 24-чу дийнахь дуьйна нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхайаккхаран центрехь д1ахьош йара  вайн республикин йуккъерчу йукъардешаран ишколийн  нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн хаарш тӀедузаран Ӏалашонца    «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта  бакъонаш: теори, практика, хьехаран методика» аьлла хӀоттийначу программин гурашкахь кхитӀедолчу дешаран  курсаш.

Республикин ерриге а кӀошташкара хьехархой бара курсашкахь дакъалоцуш.

Тахана царна лерина  72 сахьт   д1адерзош т1аьххьара де дара.   

2021-06-07 101122

Курсийн программа, лакхахь ма-аллара, Хьехархойн говзалла лакхайаккхаран центран говзанчаша (куьйгалхо Дашаева Лайлаъ коьртехь йолуш) хӀоттийна йара.

Центран говзанчаша Л. Дашаевас а, А. Вагаповас а, Л. Исраиловас а, Ӏ.Говдахановас а, М. Халиковас а   асаран (июнь) беттан 4-чу дийне кхаччалц хьехархошна  практикин белхан т1едахкарш а луш, мелла а кьорггера бовзийтира   керлачу бакъонийн бехкамаш.

2021-06-07 101207

Хьехархойн кхолладеллачу чолхечу хаттаршна жоьпаш делира йуьйцуш йолу Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонийн гулар хӀотторехь къахьегначу нохчийн меттан Ӏилманчаша  М. Овхадовс, Ӏ.Бадаевас, А. Абдулкадыровс, И. Солтахановс, иштта кхечу Ӏилманчаша а.

Курсийн программин гурашкахь хьехархоша кхочушбира йуьхьанцарчу диагностикин а, жам1ийн диагностикин а белхаш, ткъа иштта, кхин 2 аттестаци а йира.

2021-06-07 101224

Аттестаци йукьа дог1ура шаьш 1амийначу бакьонех пайда а оьцуш диктант йазйар а, тестийн т1едахкарш кхочушдар а.

Церан белхаш теллина бевлча, жам1ашка хьаьжжина, говзалла лакхайаккхаран тоьшалла т1еч1аг1деш удостоверенеш лур ду.

2021-06-07 101244

Хьехархоша билгалдоккхура и тайпа курсаш а, вовшех дагдовларш а шайна оьшуш а, пайдехь а хилла хилар.

2021-06-07 101257

Оцу хьехархошна институтан кхерчахь схьайиллина йолчу Нохчийн меттан музей чу а, къоман тематикина дехкинчу суьртийн гайтаме а, ткъа иштта, институтан 1илманийн лаборатореш чу а экскурси а йеш д1аберзийра  курсийн болх.

2021-06-07 101321

Алархьама а доцуш, хьехархой даггара баккхийбеш бара институтан керлачу х1усамех, хьелех. Уьш шайн балхана шовкъ-марзо совъйаьлла д1абахна хилар а боккха кхаъ бара.