Header1 1



Авторшца а, художникашца а цхьаьнакхийтар

1996-mТахана, Нохчийн меттан Iилманан институтан директор Умхаев Хьамзат цхьаьнакхийтира вайн республикин школийн йуьхьанцарчу (1-4) классийн дешаран Iаматийн авторшца а, уьш куьце йалош къахьоьгучу художникашца а.

Дешаран Iаматийн чулацамах а, церан куц-кепех а, уьш зорбане кечйар билгалйинчу хенахь кийча хилийтаран а  хьокъехь дара цхьаьнакхетарехь дина коьрта къамел. (Цкъачунна юьйцуш ерш 1-4-чуй классийн Iаматаш ю).

Хууш ма-хиллара, берашна лерина йолу дешаран Iаматаш зорбане кечйар шен тIегIанаш долуш боккха болх бу, иза иштта хиларх кхеташ бу авторш.

Шаьш тIелаьцна болх юьхькIоме хилийта шайн похIма, хьуьнар ца кхоош къахьоьгуш а бу уьш.

1991

 Художникашна ахчанан совгIат дира.

Билгалдаккха деза, цара дохкуш долу суьрташ берашна дезалур долуш къегина а, самукъане а, берийн кхетам кхиорехь  пайдехь хирг хилар.

Оцу цхьаьнакхетарехь хьахийра берашна нохчийн мотт безабалийта а, цаьрга иза бийцийта а лелон дезачу бахьанех.

Масала, берашна дезалур дара медиаплатформашкахь аудиформатехь кечдинчу туьйранашка а, дийцаршка  а ладогIар.

2006

Ткъа иза, кхин долу гIуллакх санна, ахчанан харжаш йан йезаш боккха болх бу.

Делахь а, тIейогIучу заманахь  и тайпа проекташ кхочушйан а ницкъ кхочур бу аьлла хета.

Цхьаьнакхетар дерзош Хьамзата карладаьккхира  Iаматаш дешаран керла шо долалуш кийча хила  езаш хилар.