Header1 1



Конкурс

23650-mТахана, август беттан 12 -чу дийнахь, Айдамиров Абузаран ц1арахчу къоман библиотекехь Нохчийн Республикин Дешаран а, 1илманан а министерствон Региональни т1етоьхна дешар кхиоран центро д1айаьхьира Россин Турпалхочун, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина  республикин йешархойн конкурс.

Цигахь жюрехь дакъа лаца кхайкхина йара Нохчийн меттан иститутан 1илманан белхахо Исраилова Луиза а.

Хазатетарца т1еоьцу ишттачу конкурсашкахь дакъалоцуш Халкъан Турпалхочун Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) некъ бевзаш а, тахана вай кхаьчначу хьолан мах хууш а, исбаьхьаллин йешарца и дерриге даста хуу т1екхуьу чкъор вайн хилар.

Дала т1аьхье беркате йойла!