Header1 1



«ИРЗЕРА МУКЪАМ». Аюб Джунаидов

23838792Нохчийн литературина беркате даьхкина аьлла хетало тIаьхьара шераш.

Вайн дегнаш деладо ненан маттахь зорбане юьйлучу книгаша.

Царах цхьаъ ю Джунаидов Аюба язйина «Ирзера мукъам» цIе ерг.

ХIора дашца нохчийн халкъан хIуо хаало авторан говзаршкахь.

Цундела дешархошна уллера, гергара хета яздархочун турпалхой.

Уьш могIарера адамаш ду, хьаналчу къинхьегамца напха лохуш.

Делахь а, хIораннан а нуьцкъала амал,  синъондалла ю, кхолламо коча туьйсучу сингаттамашна, баланашна ца къарбала.

Ирачу забарца, самукъанечу бегашца хьошу цара шаьш йийсаре лаца сихъелла гIайгIа.

Гуш ду автор шен халкъана юкъахь кхиъна, нохчийн меттан мерзачу Iаьнаро лерса хьостуш ваьхна хилар.

Нохчийн юьртара исбаьхьа мукъамаш ду Джунаидов Аюбан книгин хIора могIа къагош, зевне декаш.

Церан ницкъ бу ешархой шен бералле кхачо, синкхачанах дегнаш дуза.

Нохчийн литературехь а боккха кхиам бу аьлла хета  авторан рогIера книга.

Иза баккхийчара, къоначара йоьшур ю аьлла хета, хIоранна  каро алсам хьекъале, чулацаме, пайдехь дерг ду цу тIехь.

Доцачу дийцаршкахь, очеркашкахь, «Нохчийн маттах нохчийн маттахь» цIе йолчу поэмехь  дахарехь шена зеделларг, шена Iаткъам бинарг, синтем бохийнарг, цIийца лезнарг ду Аюба вайна довзуьйтург.

Къоман кхиамашна, толамашна, лазамашна, эшамашна говзачу дашца декъаийзаво похIмечу яздархочо.

Авторан сица, цIийца, ойланашца бу нохчийн къоман къаьхьа кхоллам.

Джунаидов Аюбах нохчийн Шукшин ала хьакъ ду.

Оьрсийн яздархочунна Шукшин Василийна тIехдика девзара Россин ярташкара дахар.

Царах а, цу ярташкарчу бахархойх говза яздора цо.

Цхьана а кепара шеко йоцуш, Аюб а ву иштта похIма, говзалла йолуш яздархо.

Цунна тоьшалла ду «Ирзера мукъам».

Нохчийн Республикин Яздархойн союзо арахецна «Ирзера мукъам».

Халахеташ ду: книгин тираж кIезиг хилар – 500 экземпляр. Делахь а, вайна  мерза кхаъ бу нохчийн ярташкара исбаьхьачу  мукъамех Джунаидов Аюба язйина книга.

 

Газиева Аза