Header1 1



«Нохчийн меттан, литературин белхан программаш хӀитторехь методически гӀо-накъосталла» цӀе йолу семинар.

23945408-m2021-чу шеран 19-чу августехь Нохчийн меттан институтехь дӀайаьхьира республикерчу нохчийн меттан хьехархошна методически гӀо-накъосталла дан лерина «Нохчийн меттан, литературин белхан программаш хӀитторехь методически гӀо-накъосталла» цӀе йолу семинар.

Семинарехь дакъалоцуш бара хӀора кӀоштан методически цхьаьнакхетараллин куьйгалхой а, республикерчу ишколашкахь нохчийн мотт хьоьхуш болу хьехархой а. Веанарг вара 48 нохчийн меттан, литературин хьехархо.

Семинар дӀайаьхьира Дешаран-методикин кхачойаран центран белхалоша:

Ш.Абдуразаковс, С.Дудаевс, С.Тутаевас, П.Хунариковас.

Семинаран Ӏалашо йара нохчийн меттан хьехархошка белхан программаш, шеран-рузманан хьесапаш, мах хадоран гӀирсийн фонд хӀотторехь методически гӀо-накъосталла даран мехала хьехамаш дӀакхачор.

24002971-x

Нохчийн меттан, литературин белхан программийн дӀахӀоттам а бовзуьйтуш, семинаран болх д1аболийра Центран куьйгалхочо Ш.Абдуразаковс.

Иштта йийцаре йира герггарчу хьесапехь хӀоттийна йолу нохчийн меттан, литературин белхан программа.

239448786 9-x

Хьехархошна доккха гӀо-накъосталла хилира П.Хунариковас талламан, кхоллараллин белхийн барамаш а къастош, шеран-рузманан хьесапаш довзуьйтуш динчу къамелах.

Нохчийн меттан, литературин мах хадоран гӀирсийн фонд вовшахтохарехь бан беза болх билгалбаьккхира С.Тутаевас.

23976769-x

Йовзийтира талламан, кхоллараллин белхийн мах хадоран критереш.

Цу кепара семинарехь дӀабаьхьна болх мехала хилар билгалделира хьехархоша лучу хаттаршца а, царна кхачам боллуш лучу жоьпашца а.

2399-x

Семинарехь бен болх берзош, цуьнан декъашхошка герггарчу хьесапехь хӀиттийна белхан программаш, шеран-рузманан хьесапаш дӀа а кхачош, дерзоран къамел дира Ш.Абдуразаковс.