Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дӀайуьйлайелла  рогӀера курсаш

2417384-mНохчийн меттан институтехь дӀайуьйлайелла  рогӀера «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта  бакъонаш: теори, практика, хьехаран методика» цIе йолу тӀетоьхначу корматаллин программехула 72 сахьтах лаьтта хьехархойн говзалла лакхайаккхаран курсаш.

Белхан программа тӀехьажийна йу нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонашца йоза йаздар дӀадахьаран керла кеп карайерзо а, дӀахьеха а гӀо лацаран Ӏалашонца.

Цул сов, нийсайаздаран керлачу бакъонашца доьзнарг шайн балхана йукъа муха дало деза а, и берашна д1акхачорехь муьлхачу  эвсараллин некъех, кепех пайдаэца мегар ду довзуьйтуш, практически занятеш а хьур йу д1а.

Дала аьтто бойла! Дала т1аьхье беркате йойла массеран а!