Header1 1



Джунаидов Аюбан «Ирзера мукъам» книга йовзийтар

kdsl94 mВевзаш волчу яздархочун, мохкталлархочун, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахо а волчу Джунаидов Аюбан керла книга йовзийтар дIадаьхьира А.Айдамировн цIарахчу Нохчийн Республикин къоман библиотекехь.

Джунаидов Аюбан рогӀера  «Ирзера мукъам» книга йовзийтаран цхьаьнакхетар дӀахьош вара Нохчийн Республикин  хьакъ волу журналист Юнусов Хьамзат.  Ламасте дирзина  ма-хиллара, хьалхара дош Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председательна  Ибрагимов Кантина делира.
 
«Аюбан 3 шо хьалха зорбане яьлларг «Турти -Хутор зажигает звезды» аьлла  книга яра. ХӀара «Ирзера мукъам»  пхьоалгӀа болх бу цуьнан. Мотт Ӏаламат хаза бу. Аюба хӀара книга язъярца нохчийн къомана динарг доккха совгӀат ду, аьлла хеташ ву со. Шайн тайпанах, юьртах, юьртахойх лаьцна дерриг теллина язйина цо хӀара. Книгин автор и ша цхьаъ ву, суьрташ цо ша даьхна, гӀирс а цо ша  цхьамма вовшахтоьхна. И тайпа болх кхочушбан атта дац.
 
Ешархошна езалур йолуш книга ю «Ирзера мукъам». Дела реза хуьлда хьуна, Аюб. Дала тӀаьхье беркате йойла», – иштта доцца а, дуьззина  а дош элира  Кантас.
 
Леррина оцу цхьаьнакхетаре веанера Аюбан юьртахо Эдисултанов Ваха.  «Вайн адам цӀерадаьккхинчуьра  цӀадирзича  оьздангаллина  тӀегӀерташ дара. Жимачохь дуьйна а вайн къоман мехаллаш лийрина, дика мел дерг шеца долуш кхуьуш вара Аюб а. «Молодёжная смена» газетехь нохчийн гӀиллакхаш лардан дезарх лаьцна дуьйцуш статья язйира хӀокхо. Тахана «Ирзера мукъам» книгин юкъара цхьана  дийцарх ала лаьа суна. Оцу тӀехь тезетан гӀиллакхех дуьйцуш ду. Тезетан барам, цуьнан кепаш. Пайдаэца дуккха а хӀума ду оцу дийцарехь, ерриге а книгех а. И тайпа мехалчух яздан, иза тӀаьхьенашна охьайиллар мехала гӀуллакх ду».
 
IMG-20210914-WA0043
 
Вевзаш волчу яздархочо, «Къоман тептар» романан автора Юсупов Ӏусмана дира чулацаме къамел.
Аюбан книгех а, тахана нохчийн къоман литературин хьолах а дара иза. Хьекъале, лазаме ойланаш йовзийтира Ӏусмана.
 
Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста, публициста  Газиева Азас иштта элира книгин авторх:
 
IMG-20210914-WA0036
 
«Аюб вевзаш вацара суна, амма цуьнан книга сайга кхаьчча, цуьнан цӀе «Ирзера мукьам» хилар чӀогӀа тайра. Ас йийшира иза. Цуьнан дийцарш, мотт, забарш нохчийн къомах болчу нахана гергара ю.  Шайна тӀе тидам бохуьйтуш ю вайн халкъан забарш а. Оцу билгалонаша вайн халкъан къоман вад гойту. ХӀора дийцар авторан «син ирзе» санна гуш ду. Даггара а, даг тӀера а ду. Тахана школин дешаран Ӏаматашна юкьа дахийта хьакъ ду аьлла хета Аюбан дийцарш. Оьрсийн яздархо а, режиссер а хиллачу В.М.Шукшина санна, юьртан дахар, цуьнан хазалла гайтина Аюба. Ткъа нохчийн юьртан дахар гойтуш язйина говзарш вайн мел ю вайна дика хаьа. ХӀокху тӀаьхьарчу хенахь зорбане йийлинчу книгех  суна дукхаезаелларг ю, нахе еша аьлла ас хьехар денъерг а ю «Ирзера мукъам», – элира Азас.
 
КхиндӀа, суьйре хазйира  Россин Федерацин хьакъ волчу артиста Азаев Хьамида. «Вай, вайн дай-наной бу-кх Аюба шен книгехь буьйцурш. «Ирзера мукъамаш» книга ца езалойла дац нахана. Вайн орам юьртара бу. Бакъволчу нохчийчунна юьртахь, кӀотарахь бен карош а бац синтем, ирс!». Шен къамел дерзош Хьамида Аюба язйина «Нохчийн маттах нохчийн маттахь» аьлла  поэма йийшира. Зала чохь болчу нахана доккха совгӀат а, хаза кхаъ а хилира цунах. Лаккхарчу, цӀеначу  искусствон  говзанча ша хиларе терра, Хьамида  хӀоранан даг чу кхачош  а йийшира поэма.
 
Нохчийн Республикин филологин Ӏилманийн доктора, профессора, Нохчийн меттан институтан Ӏилманан лаккхарчу белхахочо Овхадов Мусас йовзийтра Аюбан книгин хьокъехь шен кхоллаелла ойланаш.
 
«Аюб вевза дукха хан ю суна. Вайн гӀиллакхах, оьздангаллах лаьцна Аюба  книга язйина аьлча, со цец а ца велира. Цуьнца даима а шеца лелош яра Даймахке, халкъе, нохчийн къоман оьздангалле йолу марзо-ларам. Нохчийн юьртах лаьцна исбаьхьачу  маттахь язйина цо. Вай юьртара схьадевлла  ду. Вайн наха ярташкахь ларбина ца хиллехь таханене кхаьчна а хир бацара вайн къоман мотт, нохчийн  мотт. «Ирзера мукъам» дешархошна, студенташна гӀо хир долуш беркате книга ю».
 
IMG-20210914-WA0037
 
Евзаш йолчу нохчийн меттан хьехархочо Вагапова Асета а, яздархочо Айдамирова Машара а билгалдаьккхира Аюба кхочушбинарг мехала болх хилар. Асета шен къамелехь элира: «Нохчийн юьртах лаьцна иштта шуьйра, леррина дуьйцуш язйина дуьххьарлера книга ю аьлла хета суна «Ирзера мукъамаш». Оцу книгин тӀера хӀора дийцар ду мехала. И тайпа книга кхин а язйойтур яра. Телевизорачухула а, радиочухула а  довзуьйтур дара хьан дийцарш».
 
Поэта Саиев Ӏумара: «Аюбан книги тӀера «Керлачу новкъа ширачу кӀотара»  дийцар дийшира  ас. Уггар хьалха книгин цӀе хаза ю ала лаьа. Юха, шолгӀа, книги тӀера сурт а ду вуно дика догӀуш, синтеме. Юрт ясъелла гича чӀогӀа цатам хуьлу дагна. Мотт дукха хаза бу. Даг чу буьжуш, аьхна. Дала тӀаьхье беркате йойола, Аюб», – аьлла дерзийра цо шен къамел.
 
Нохчийн меттан геланча санна вевзаш волчу, Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата къамел дира Аюбан кхолараллах а, вайн заманахь юьрто къоман мотт а, гӀиллакхаш а Ӏалашдарехь лелочу маьӀнех лаьцна.
 
IMG-20210914-WA00-x
 
«Юрт дӀаяьлча, цуьнца, цхьаьна баккхийчийн васташ а, къоман мотт а, гӀиллакхаш а дӀадов. Юрт дӀаялар къоман литературина а, культурина а боккха иэшам бу. Цундела нохчийн юьртахь хуьлучу дика-вуонан  гӀиллакхаш Аюба гайтина охьадахкар мехала ду. Вайн тӀекхуьучарна Ӏама а, хаа а гӀирс бу иза. Исбаьхьаллин литературехь къахьегна  ца Ӏаш, вайн мехкан топоними меттахӀоттош а талламан боккха болх дӀахьош а ву Аюб.  Дела реза хуьлда хьуна, Аюб! Дала тӀаьхье беркате йойла хьан!», – олуш дерзийра Хьамзата шен къамел.
 
Нохчийн Республикин халкъан хьехархочо Абдуразаков Шертбека  элира:
 
«Тхо нохчийн меттан Ӏаматаш вовшахтухуш ду Нохчийн меттан институтетхь. Джунаидов Аюба а, поэта Саиев Ӏумара а доккха накъосталла дина оцу Ӏаматашна леррина говзарш язйина».
 
IMG-20210914-WA0034
 
Бена-Веданара хьехархочо Ахмадов Амхьада дош олуш билгалдаькхира: «Аюбан кхолларалла сайн  дешархошна ас йовзуьйтуш йолу  дукха хан ю. Тахана Азаев Хьамида вайна дӀаешна Аюбан исбаьхьа хаза поэма тхан дешархоша ешна дукха хан ю. Иштта говзарш алсам хила еза школашкарчу дешархошна лерина йолчу Ӏаматашна юкъахь».
 
Ишшта, поэта Борхаджиев Хож-Баудис а ша Аюбана лерина язйина забаре байт а йийшира оцу  цхьаьнакхетарехь.
 
Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнан шуьйрачу хаамийн гӀирсашкахула болчу белхан гӀоьнча волчу  Ельсаев Ӏаламахьада дош олуш дерзийра книга йовзийтарна  лерина цхьаьнакхетар.
 
«Аюб шен юьртана хилла ца Ӏаш, махкана а юьхӀкъам болуш стаг ву. Ӏалашо дика йолуш  стаг ву иза. Цундела Дала цунна гӀодина иштта дика, чулацаме, нахана пайдехь хин йолу книга язъян а, зорбане яккха а. Дала аьтто бойла хьан, Аюб!».
 
IMG-20210914-WA0042
 
Къоман библиотекин зала чохь гулделла адам суьрташ дохуьйтуш, авторна баркаллин дешнаш бохуш дехха хьеделира.
 
Ала лаьа, иштта керла книга йовзуьйтуш   долу чулацаме цхьаьнакхетар шеца дуккха а беркат дуьтуш доьрзуш хилар.
 
 
Эльдарханова Зайнап