Header1 1



Нохчийн меттан институтехь хилира Болгарехь йолчу "Кириллицин керт"  музейн директор

242212-mХIокху деношкахь Нохчийн меттан институтехь хилира Болгарехь йолчу "Кириллицин керт"  музейн директор а, совдегархо а  волу Алексанян Карен.

Цунна хьошалла дира институтан директора Умхаев Хьамзата а, lилманан белхахоша а.

Хьамзата кхачам боллуш дийцира нохчийн йозанан а, цхьана дашца аьлча, нохчийн меттан  алфавитан чордачу некъах а, нохчийн маттаца къахьоьгуш баьхначу вайн яздархойн  кхолламех а лаьцна.

Ларамаза дацара  Карен Нохчийн Республике кхачар.

Болгарерчу  музейхь цо схьайиллина Кириллицин йозанан бух тlехь халкъан истори язъеш болчу халкъан яздархойн хlолламех лаьтта аллея.

Царна юкъахь нохчийн халкъан яздархочун  Айдамиров Абузаран хlоллам (бюст) а бу.

(Иза 2018-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 20-чу дийнахь схьабилиира) хьалха, Болгарин пачхье лаьттина йолчу Плиска гIалахь.

Дуьненахь цхьаъ бен йоцу «Двор Кириллицы» культурин-историн музей ю иза. Цуьнан кертахь бу кириллицин элпашна бина хIоллам.

Оцу музейн директора Алексанян Карена кхочушъеш ю дуьненахь цхьаъ бен йоцу йоккха проект. Музейн кертахь кириллицин йозанан буха тIехь къоман маттахь яздеш хиллачу, дуьненахь а вевзаш волчу 80 халкъан яздархочун хIолламех аллей еш ю.

Хlоллам бинарг а, иза Европе дlакхачош кьахьегнарг а, Ростовхь вехаш волу вайн махкахо, скульптор, художник Усаев Асланбек ву.

Дукха хан яра Карен вайн махка, Абузаран цlарах йолчу музей чу а, Мескита а, иштта, кхечу ярташка а кхача лууш волу.

Нохчийн Республикин культурин министерствон а, Абузаран йоьlан, карарчу хенахь Нохчийн институтан lилманан белхахо йолчу Айдамирова Машаран а г1оьнца кхочуш хилла бара  цуьнан лаам.

"Нохчийн  лаьтта тlе ког билла, сийлахь яздархочун ага техкийначу мехкан lаламе хlотта, шовданаш мала, мехкан хlо чуоза сатесна вара со", - бохура генарчу мехкан  хьешо.

Дерриг а довзуьйтуш, А. Айдамировс (Дала декъалвойла иза) еххачу заманахь куьйгалдинчу школе а, цул тlаьхьа Абузаран коша т1е а хlоьттира хьаша.

Нохчийн меттан институтехь хила лиира цунна. Институтехь йолчу Нохчийн меттан музей а, институто кхочушбеш болу lилманан-талламан болх а бовза лууш леррина хаттарш дира К. Алексаняна.