Header1 1



Кхеташо

242405-mТахана, товбецан беттан 20-чу дийнахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса кхеташо дӀаяьхьира нохчийн меттан алфавит Л. Брайлан системе йерзо Ӏалашо  йолчу белхан тобан декьашхошца.

Оцу кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан дешарехула а, Ӏилманехула а, культурехула а  йолчу Комитетан председатель Б. Хазбулатов а, Нохчийн Республикин Юкьараллин Палатин председатель И. Денильханов а, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан директор Хь.Умхаев а, ткъа иштта, нохчийн маттаца болх бечу дешаран учрежденийн векалш а.

Царна йукъахь Нохчийн Республикин нохчийн меттан хьехархойн Ассоциацин куьйгалхо А. Бергоева а, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн филологин факультетан нохчийн  кафедрин заведующи Ирезиев Сайд-Хьамзат а, В. Ш. Дагаевн цӀарахчу  «БӀаьрзечу а, бӀаьрса ледара долчу а берийн школа – интернатан» директор Ч. Гайрабеков а, БӀаьрзечеран  йукьараллин Ерригроссин организацин Нохчийн Республикехь  йолчу отделенин председатель Хь. Каримова а, Республикин «Психо-педагогикин а, медицинин а социальни гӀодаран центран» директор Н. Теучеж а, иштта кхин болу нах а. Кхеташонехь билгалдаьккхира нохчийн мотт Ӏамо лаам болчарна аьтто беш Л. Брайлан системехь йолу шрифт лелор аьтто болуш хила езарх дерг.

Дешаран а, Ӏилманан а министра И. Байсултановсшен къамелехь къастийра,  Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана нохчийн мотт кхиорехь а, иза кегийрхошлахь баржорехь, марзбарехь кхочушдойтуш дуккха а дика гӀуллакхаш хилар. Шайн къоман бовза а, оцу маттахь еша, йаздан бакьо йолуш бу вайн  махкахь болу  заьӀапхой а.

Кхеташо дӀайирзира нохчийн мотт Л.Брайлан системе берзоран хьокьехь йолу проект тӀеэцар а, иза кхидӀа вайн Мехкан Да волчу Кадыров Рамзане дӀакхачо езаш хиларан хьокъехь цхьа барт хилира.

Нохчийн Республикин бахархойх 500 стаг бӀаьрзе я бӀаьрса ледара долуш ву.

Х.Умхаевн дешнашца аьлча: "Вайн махкахь болчу бӀаьрзечу  нахана иэшам беш Ӏен бакъо яц вайн.  Уьш шайн къоман литература нохчийн маттахь ешарх дӀахадийна нах бу цкъачунна. Нохчийн меттан керлачу графиках пайда а оьцуш, вайн йаздархоша царна керла говзарш язйича дика хир дара. Нохчийн меттан институт жигара дакъалоцуш хир ю оцу мелехьчу, мехалчу дӀадолорехь. Дала къобалдойла вайн нигат. Дала тӀаьхье беркате йойла вайн!".