Header1 1



Нохчийн меттан институтехь рогӀера кхеташо хилира

2432302-mТахана, товбецан  беттан 28-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь рогӀера кхеташо хилира. Кхеташо дӀайаьхьира институтан директора Умхаев Хьамзата.

Дийцаре динчу гӀуллакхашна йукъахь дара, дуьнен чохь массанхьа а ма-хиллара, Нохчийчохь а уьнан  баланах  нах цомгаш хилар а,  леш меттигаш хиларх а дийцар.

«Оцу халчу цамгарх дӀакхелхинарш Дала декъал бойла, цомгашчарна Дала маршалла а дойла. Делахь, вайна тӀехь, ницкъ кхочучу барамехь, вовшийн лар а деш, вешан белхан декхарш кхочуш а деш, чекхдовла гӀорта хьовсар ду»,– аьлла дӀадолийра Хьамзата шен къамел.

 

IMG 4148-x

КхидӀа долу къамел карарчу хенахь институтан говзанчаша кхочушбечу балхах лаьцна дара. Хьалха хиллачу  хаамашкахь ма-дийццара, 1–4-чуй классийн нохчийн меттан  Ӏаматаш йухакарлайахаран белхан республикин конкурс ю дӀахьош.

Институтан белхахой а, ткъа иштта, жигара хьехархой а бу оцу декъехула къахьоьгуш.

Болх чекхбаьлла ала мегаш долчу барамехь  кхочуш а бина.

IMG 4134-x

ХӀинца дан диснарг, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а  министран Байсултанов Идрисан тӀедилларца, оцу Ӏаматашна лерина йолу «электронни приложенеш» вовшахтохар ду.

Цул сов, Хьамзата йовзийтира У.Брайлан системица бӀаьрзечарна а, бӀаьрса ледара долчарна а лерина йина йолу нохчийн меттан графикин кеп. (Нохчийн меттан институтан говзанчаш а бу оцу мелехьчу гӀуллакхехь дакъалоцуш).

IMG 4152-x

Иштта, хьахийра, гергарчу  хенахь Нохчийн меттан Орфографин йоккха дошам йовзийтар  дӀадахьа лерина хиларх дерг а.

Тахана йолу Нохчийн меттан институт хьалха заманахь хилла йолу Къаьмнийн меттанийн институт хилла ю.

Иза СССР-н  Серлонан министерствос 1971-чу шарахь кхоьллина йара.

Цунна тӀедоьгӀна аьлча, кхушара 50 шо кхочуш юбилей а ю институтан.

IMG 4141-x

Кхеташо чаккхенга йоьрзуш, леррина веанчу Нохчийн Республикин  дешаран белхахойн Профсоюзан векала тӀекхочуш долчу Хьехархочун денца декъалбира институтехь къахьоьгуш болу нохчийн меттан хьехархой: Ш.Абдуразаков а, С.Дудаев а, П.Хунарикова а, С.Дутаева а.

2021-09-29 093714

Болх лабораторешкахь а, институтан юкъарчу дахарехь а шортта бу.

Белхан декхарш, Ӏалашонаш совйийларх, хьалха санна  ларор а  йолуш йу Нохчийн меттан институтан коллектив!

Дала тӀаьхье беркате йойла!