Header1 1



Цхьаьнакхетар

2435170-mНохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр  Байсултанов Идрис цхьаьнакхийтира  махкахь бевзаш болчу меттан Ӏилманчашца, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь нохчийн мотт кхиоран а, Ӏалашбаран а Советан декъашхошца, Нохчийн меттан институтан белхахошца.

Инстаграмерчу шен агӀонехь  И.Байсултановс билгалдаьккхина: «Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан дӀадолорца вайн республикехь нохчийн мотт талларехь а, Ӏалашбарехь а, иза кегийрхошна марзбарехь а кхочушбойтуш боккха болх бу. ТӀаьхьарчу шина шарахь динарг дийцича ала ду, вайн республикехь схьайиллина болх беш Нохчийн меттан институт ю. Цуьнан  белхахоша, меттан Ӏилманчаша, хьехархоша  Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонийн гулар а, ткъа иштта, 10 томах лаьтташ йолу Нохчийн меттан орфорграфин йоккха дошам а  вовшахтоьхна, зорбане йаьккхина. Цул сов, Нохчийн меттан институтехь нохчийн меттан  а, литературин а хьехархойн хаарш тӀедузаран  Ӏалашонца йолу Хьехархойн говзалла лакхайаккхаран курсаш а схьайиллина».

IMG-20210929-WA0024

Цхьаьнакхетарехь нохчийн маттах а, литературех а, Нохчийн меттан институто кхочушбинчу белхан доккхачу маьӀнех а лаьцна къамелаш дар хилира.

IMG-20210929-WA0015

IMG-20210929-WA0016

IMG-20210929-WA0017

IMG-20210929-WA0018

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца Байсултанов Идриса «Нохчийн мотт кхиорна а, Ӏалашбарна а» аьлла йолу мидалш елира нохчийн меттан цхьамогӀа говзанчашна. 

20210929 164901

Шайн рогӀехь  гулбеллачара баркалла элира  оцу дикачу гӀуллакхийн  коьртехь лаьттачу а, нохчийн мотт кхиорехь каде команда цхьаьнатоьхначу а Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

IMG-20210929-WA00242

Дала тӀаьхье беркате йойла!