Header1 1



Овхадов Муса винчу денца декъалваран цхьаьнакхетар хилира институтехь

IMG-20211005-WA0002-mТахана, Нохчийн меттан институтехь  гIараваьлла вевзаш волу  нохчийн меттан говзанча Овхадов Муса винчу денца декъалваран цхьаьнакхетар хилира.

Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата а, институтан белхахоша а Муса декъалвеш баркаллин дешнаш а олуш, безамна совгӀат  дира.

Овхьадан Рукъманан кIант Муса- филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин декъашхо-корреспондент, Нохчийн Республикин Ӏилманан хьакъволу гIуллакххо, Россин Федерацин лакхарчу дешаран сийлахь белхахо,  Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон  Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахо  Овхьадан Рукъманан кIант Муса дуьнен чу веана 72 шо кхаьчна товбецан (сентябрь) беттан  30-чу дийнахь.

Муса Нохч-ГIалгIайн, тIаьхьо Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан дешаран декъан  проректор хилла ву.

Ткъа 2000-чу шарахь дуьйна оццу университетан Юкъарчу меттанийн кафедрин заведующин даржехь болх беш схьавогIуш а ву.

2001-чу шарахь Москван  пачхьалкхан меттанийн университетехь «Меттан теорин» докторан диссертаци тӀечӀагӀйина.

Россин профессорийн гуламан 2018-чу шарахь  хиллачу сацамца Къилбседа – Кавказан федеральни округехь дуьххьарлера нохчий ву «Шеран профессор» цӀе тиллинарг.

Россин естествознанин академин президиуман сацамца 2019-чу шарахь  Мусана елла «Ӏилманан школа кхоьллинарг» аьлла сийлахь цӀе.

ЦIе йоккхуш говза Iилманча хиларал сов, Мусас кхиийна къоман  филологин декъехула тоьлла хаарш  долу бӀенаш хьехархой.

Иштта цо куьйгалла а деш кечвина филологин  Iилманийн 14 кандидат.

Ӏилманан-педагогикин хьаьрмин говзанчаш кечбарна Овхадов Мусана «Нохчийн Республикин Ӏилманан хьакъволу гӀуллакххо» аьлла сийлахь цӀе а йелла.

Орфографин йоккха дошам вовшахтухуш а Ӏаламат доккха  дакъалаьцна цо.

Карарчу хенахь Нохчийн меттан институтехь  нохчийн меттан лабораторин куьйгалла деш  ву Муса.

Муса, Дала могаш-маьрша дукхавахавойла хьо!