Header1 1



Россин комитетан председатель Кузьмин Евгений Иванович коьртехь волу делегаци хилира институтехь

IMG-20211012-WA0047-mХ1окху деношкахь вайн Нохчийн меттан институтехь, дуьненаюкъарчу ЮНЕСКО организацин "Информация для всех" программин Россин комитетан председатель Кузьмин Евгений Иванович коьртехь волу делегаци хилира.

Соьлжа-Г1алин А.Айдамировн ц1арахчу Къоман библиотекехь "Дукхачу къаьмнийн пачхьалкхан хьелашкахь къаьмнийн меттанаш 1алашдар а, кхиор а: меттанийн политика, проблемаш а, перспектива а " кхайкхам болу 1илманан - практикин конференци вовшахтохараллин тобанан дакьалацархошна Нохчийн  меттан институтехь хила лаар ларамаза дацара.

IMG-20211012-WA0034
 
Москвара а, Россин тайп-тайпанчу регионашкара а баьхкинчу хьешашна ган а, хаза а лиира Нохчийн институтан 1илманан белхахоша  кхочушбо болх а, институтан 1илманан коллективана  хьалха лаьттачу 1алашонех дерг а.

IMG-20211012-WA0038
 
Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата хьошалла деш  гайтира институтан чуьра тоьлла хьелаш а, Нохчийн меттан музей а, лаборатореш а, нохчийн меттан Электронни школин студи а.

IMG-20211012-WA0040

Хьешаша лерина ладуьйг1ира институтан 1илманан коллективо кху т1аьхьарчу шина шарахь кхочушбинчу балхах лаьцна дуьйцуш.

IMG-20211012-WA0039
 
Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонийн гулар а, Нохчийн меттан  орфографин йоккха дошам а вовшахтоьхна юйла хиъча  цецбевлла гора уьш.

IMG-20211012-WA0041

Нохчийн мотт, къоман мотт 1алашбан а, кхион а, Далла а, халкъана в гергахь ницкь кхочург деш хилар гуш дара. Институтан г1ишло а, коллектив а хазъелла бара хьеший.

IMG-20211012-WA0037

ЮНЕСКО-с нохчийн маттана х1оттийна "диагноз" (Нохчийн мотт дуьнен чуьра д1адовлучу меттанашна йукъахь  бу) алар харц хилар дара дагна нохчийн меттан говзанчашна синайам беш…Цхьана дашца аьлча, дуьненах а, 1илманах а, маттах а Дала йаздинарг хир ду.

IMG-20211012-WA0051

Ткъа вайн декхар вешан ненан мотт д1абалийтина, нахана луург ца даккха бахьанаш лелош даха хьовсар ду.

Дала т1аьхье беркате йойла!