Header1 1



Конференци

IMG-20211013-WA0048-mСоьлжа-ГӀалахь А.Айдамировн цӀарахчу Къоман библиотекехь дуьненайукъарчу  организацин «Информация для всех» программин Россин комитетан председатель Кузьмин Евгений Иванович коьртехь а волуш «Дукхачу къаьмнийн пачхьалкхан хьелашкахь къаьмнийн меттанаш Ӏалашдар а, кхиор а: меттанийн политика, проблемаш а, перспектива а» аьлла кхайкхам болу Ӏилманан - практикин конференци дӀахьош ю эсаран (октябрь) беттан 12-13-чуй деношкахь.

  

 

 

IMG-20211013-WA0029

Конференцехь жигара дакъалоцуш бу Нохчийн  меттан институтан векалш а.

IMG-20211013-WA0039

IMG-20211013-WA0044

Царна йукъахь Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Хьамзат а, филологин Ӏилманийн докторш, профессорш Овхадов Муса а, Халидов Муса а, Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахо Бадаева Ӏайшат; Нохчийн Республикин Iилманийн академин Меттан а, литературин а, фольклоран а отделан Iилманан белхахо Абдулкадыров Адам.

IMG-20211013-WA0025

Конференцехь дийцаре дира кхузаманан хьелашкахь къаьмнийн меттанаш Ӏалашдарехь а, уьш дешаран учрежденешкахь дӀахьехарехь а нислуш йолчу проблемех а, меттанийн хьолах а лаьцна дерш. Конференцин модераторшна йукъахь вара профессор Овхадов Муса.

IMG-20211013-WA0038

Вайн мехкан хьешийн а, конференцин дакъалацархойн а аьтто хилира Нохчийн меттан институтан векалша, директора Умхаев Хьамзата а, Овхадов Мусас а, Халидов Мусас а йинчу чулацамечу докладаш ладогӀа.

IMG-20211013-WA0046

Нохчийн мотт кхиоран а, Ӏалашбаран а декъехула институтан Ӏилманан белхахоша бинчу балхах лаьцна хаам а, карарчу хенахь вайн республикин дешаран учрежденешкахь нохчийн мотт дӀахьехарехь нислучу проблемех лаьцна а йара цара йина докладаш.

«Юнескон» векалша хьесап дийриг хир ду Россин къаьмнийн меттанашца доьзначу хьолан.

Дала тӀаьхье беркате йойла!